ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цахилларг къовсар


Линкана тIе

Цахилларг, хилла бохуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хьеран да, хьалдолу стаг. Цахилларг, хилла олий, къовса а къовсий, къечу, мискачу нахера цхьацца гирда хьаьжкIаш йохуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжкIаш ахьа веана цхьа миска нохчо.
Хьеран дас цуьнга аьлла:
— Цхьацца гирда хьаьжкIаш а яхкий, къовса вайша, цахилларг хилла алий, муьлха тоьла хьажа.
— Къовса дера, — резахилла миска стаг.
Хьалха дийца воьлла хьолада, цахилларг хилла, бохуш, бакъдина:
— Башха дика кхобуш цхьа котам яра сан. Цхьана дийнахь котам цIа чу а йоьллина, ваьлла гIуллакхе вахара со. ШолгIачу дийнахь, цIа ма веъанехь, айса котам чохь йитинчу цIа чу хьаьжира со. Тамашийна хIума гира сан бIаьргашна: чоь юьззина xloaш а дина, арахула, кIур хьалаболучу туьнкалгана тIе а хиина, Iaш яра сан котам. ХIун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой а гулбина, баьхьаца хьаьккхина ара а дахийтина, хIоаш ара волавелира со. Оцу хIоиэх керт юьззина котамаш а, боргIалш а йоьвлира суна. ТIаккха оьгIазваханчу аса, цхьа беха сара кара а эцна, кертахула дIа-схьа лелхийра уьш. Цул тIаьхьа и ерриге а котамаш а, боргIалш а, цхьа котаммий, цхьа боргIаллий хилла, дIахIиттира.
Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
— Иза ду-кх сан цахилларг.
— Делахь дика ду, — аьлла къечу стага, — хIинца ас дуьйцур ду хьуна, ахьа ладогIалахь.
Йоккха мазлагIа яра сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхар-мозашна юкъахь ерриге а мазлагIана ха деш, иза ларъеш, цхьа боккха эла накхар-моза бара. Мича баха а ца хууш, тIапъаьлла бахана байра и эла накхар-моза.
Иза кароза Iийр ма вац, аьлла, цIера ваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-зама яьлча, суна хезира, сайн накхар-мозийн эла цхьана генна меттехь лелаш бу, аьлла. Цига вахара со. Лелааш, вахана оцу метте дIакхаьчча, ялх стуца готанна дIа а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а яийна, латта охуш лелош карийра суна сайн накхар-мозийн эла.
Стерчашца охана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн эла накхар-моза паргIат а баьккхина, иза а балош цIа а веана, нахе хаьттира аса:
— XIoкxy накхар-мозийн элан яийна ворта муха талур яра-техьа? — аьлла. Хьекъал долчу наха суна жоп делира:
— БIаран тIамарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул тIаьхьа лазийначу вортан тIе дилла-уггаре а дика дарба ду хьуна и.
TIe хьакхар а тоьхна, лерина хьийна бIарийн тIамарш а кечйина, уьш накхар-мозийн элан яийначу вортан тIе ехкира аса. Иза а дина, буьйсанна вахана дIавижира со. Iуйранна, хIун хьал ду-техьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, суна гира цхьа инзаре тамашийна хIума: накхар-мозийн элан вортан тIе даьлла лаьтташ доккха бIаран дитт дара, тIехь бIараш а долуш.
Цхьажимма бIараш эго дагахь, дитта тIе гIорза кхоьссира аса, иза, хьаьлакхоьссинчохь, дитта тIехь йисира, охьа а ца йогIуш. Лаьттан гIорзанах дийнна цхьа лаьттан ape-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца волуш.
Ялх сту а боьжна, кхаа дийнахь охана дира аса цу арахь. ТIаккха цу тIе хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, хIун хьал ду-техьа цаьргахь, аьлла, хьаьжира со. Сайн кха тIехь дика хьийкъина хорбазаш а, Iаламат йоккха цхьа паста а карийра суна.
ХIуъу а дича а, паста цIа а ца яелла, тур детташ юккъехула ши ах йира аса пастанах.
Пастанан ши ах дIаеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра аралилхира цхьа пхьагал а, цунна тIаьххье дуккха а таллархой а. ТIаккха дIа чу кхоссавеллачу ас пхьагална диг туьйхира. Кхераеллачу пхьагало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу тIе хьаьжначу суна йоза гира: «ХьаьжкIийн гирда мискачу стагана богIу», аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьолада къера хилла ша эшорна.
Мискачу стага ши гирда хьаьжкIаш яьхна.

XS
SM
MD
LG