ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дехкий -доттагIий


Линкана тIе


Дукха хенахь дуьйна схьа гергарло лелош хилла шина дахкано, царах цхьаъ бIов чохь Iаш хилла, ткъа важа лам тIехь. Цкъа а вовшийн хьошалгIахь ца хилла и шиъ.
Лам тIехь Iaш болчу дахкан дама а, жижиг а, дум а, кIа а хилла, ткъа бIов чохь Iачуьнан бахам вуно ледара хилла.
Цхьана дийнахь, са а гаттаделла, лам тIехь Iаш болчу дахкано ша болчу хьошалгIа кхайкхина хилла бIов чохь Iачу дахкане. ЧIогIа хьошалла дина, яийна, малийна, совгIат а дина, цIа баха новкъа а баьккхина, дIабахийтина цо бIов чуьра дахка. ЦIа а беана, чIогIа ойлане бахана и.
Цхьа хан-зама яьлча, бIов чохь Iачу дахкано ша йолчу хьошалгIа кхайкхина лам тIехь Iaш болу дахка. Шен уьйтIахь доттагI гича, хIусамнана-дахкано, могаш-паргIат а хаьттина, цуьнан дахарх лаьцна хетта йолаелла. Цу хенахь уьйтIахула цициг хилла дIадоьдуш. Эццахь хIусамненан даг чу ямартло тесна. ХьошалгIа беанчу дахкано хаытина:
— И хIун экха ду? Цуьнан бIаьргаш сел чIогIа хIунда къега? — аьлла.
— И сан марнана ю, яло мараэккха цунна, — аьлла, хьехар дина хIусамнана-дахкано.
И боккъалла а цуьнан марнана ю моьттуш, бахана мараиккхина хьошалгIа беана дахка. БIаьрган негIар тохале, цициго и, хап-аьлла, дIакхаьллина.
Бедда бахана дахка лаьмнашка, цигахь карийна цунна шен доттагI хиллачу дехкан хIусам. Цуьнан бисина берриге а бахам цу дахкана кхаьчна. Цу чохь тIекIал а баьлла, laш хилла дахка.
Цхьана дийнахь, мацалла дар а делла, хьийзаш хилла цициг. Лелла-лелла уьйтIахула, кхин кхалла хIума а ца карийна, лома дахана и. Мерзачу дуьман хьожа а еъна, цициг цу aгlop, тебаш, тIедахара. Iуьрга чу дахча, цунна берстина баттIа боллуш дахка гина Iуьллуш. ТIекхетта схьа а лаьцна, дIакххаьллина цициго шен доттагIчунна ямартло йина дахка.
Эрна аьлла ма дац: «Нахана даьккхинчу ор чу ша эккха».

XS
SM
MD
LG