ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьрта маьждиг юхасхаьдиллина Москох


10 шарахь тодеш белхаш бинчул тIаьхьа схьадиллина Москохара коьрта маьждиг. Иза схьадоьллуш хиллачу церемонехь дакъалоцуш вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Туркойчоьнан а, Казахстанан а президенташ ЭрдохIан Реджеп а, Назарбаев Нурсултан а, Палестинийн автономин куьйгалхо Iаббас Махьмуд а, кхин болу бусулба пачхьалкхашкара векалш а.

Оьрсийчоьнан Iедалша чIагIдарехь, тодинчул тIаьхьа Европехь уггаре а даккхийнчерах маьждиг ду Москохарниг. Цуьнан майда алсам яьлла ткъозза. ХIинца иза ю 19 эзар еакIо метр. Цо аьтто бо 6 тIегIантехь цхьана метта 10 эзар стагана ламазе хIотта. Маьждиган мIомсарийн локхалла ю 78 метр.

Официалан болчу хаамашца, маьждиг шордеш дайина 170 миллион доллар. Цу ахчанах доккхах долу дакъа делла Оьрсийчура бизнесхочо Керимов Сулеймана а, ткъа иштта Туркойчоьно а. 25 эзар доллар даийтина Палестинера бераша а. Ислам дин лелош ву Оьрсийчохь 15 -23 миллион вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG