ТIекхочийла долу линкаш

Тутмакхаш дIахецна Сисис


Къинхетам а бина 100 тутмакх маьрша ваьккхина Мисаран президенто ас-Сиси Фаттаха. Царна юкъахь ву "Аль-Джазира" телекомпанин кхо журналист а, зударийн бакъонаш ларъярхойн юкъараллан 2 жигархо а. Еарин дийнахь Мисаран президент новкъа волуш ву Iамеркин Цхьанатоьхначу Штаташка Нью-Йоркехь йолалуш йолчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарлан Ассамблеяхь дакъалаца.

"Аль-Джазира" компанин кхо белхахо Канадера Фахми Мохьмад а, Мисарера Бахер Мохьаммад а, Австралера Гресте Питер а чувоьллира Мисарехь кхоккха шо хан а тоьхна. Царна бехке диллианрг дара Iедалша исламхой олуш болчу нахана гIо дар. ТIаьхьо Гресте махках ваьккхира, набахтера ара а ваьккхина.

Журналисташна кхел ярна ондда критика йира дуьненаюкъаралло Мисаран Iедалшна. Тутмакхаш дIахецна Мисарахь ГIурбан де тIекхочуш а долуш.

XS
SM
MD
LG