ТIекхочийла долу линкаш

Обама цхьаьнакхета мега Путинца Нью-Йоркехь


Iамеркин президент Обама Барак тIедогIучу кIиранах цхьаьнакхета дагахь ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца, Нью-Йоркехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан ассамблеян кулуарашкахь. Цунах лаьцна яздо "Нью-Йорк таймс" газето Iамеркин администрацин векалшна тIе а тевжаш.

Нагахь и цхьаьанкхетар хилахь иза дуьххьарлера хир ду кху тIаьхьарчу шарахь лаккхарчу тIегIантIехь. Обама Барак лууш вацара Путинца цхьаьнакхета Оьрсийчоь Украинехь хуьлучунна юкъа а гIоьртина цигахь конфликт эккхар бахьана долуш.

Амма хIинца Путинца цхьаьнакхетар пайденна хир ду аьлла хета Обамин администрацина Украинера хьал дIанисдеш а, Шемара конфликт дипломатийн гIулчашца дIаерзон некъаш лохуш а. КIайн ЦIа цкъачунна лууш дац цу тайпа цхьаьнакхетар хир ду аьлла дIакхайкхо. Амма Обамин администрацин векалша шайна цIераш цаяхар а доьхуш хаам бина Iамеркин президент цхьаьнакхетар ву Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца аьлла.

Цхьаболу Обамин хьехамчаш саготта бу цу тайпа цхьаьнакхетар пайденна хила мега Путинна, иза совгIат хир ду, "Нью-Йорк таймс" газето Путинах лаьцна ма-яздара, цу дуьненаюкъарчу хулигананна бохуш.

XS
SM
MD
LG