ТIекхочийла долу линкаш

НАТО а, Франци а, Британи а саготта ю Оьрсийчоьно Шемахь лелориг бахьанехь


Францино а, Британино а, НАТО-но а дIахьедар дина Оьрсийчоьно Шемахь жигаралла гайтарна саготта ду шаьш аьлла. Францин тIеман министро Дриан Жан-Ива кхайкхам бина Москохе Шемахь эскарш а, герз а алсамдаккхарх кхетаде шаьш аьлла. Нагахь Оьрсийчоьнан коьрта Iалашо президент Асад Башар ларвар далахь цо иштта нисса дIа ала деза иза бохуш вара Дриан Парижехь Еарин дийнахь Британин тIеман министрца Фэллон Майклца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цу цхьаьнакхетарехь Фэллона билгалдаьккхира Оьрсийчоьно шен тIеман ницкъаш Шемахь алсамбахаро кхин а халчу доккху цигара ишта а чолхе долу хьал аьлла. Шен агIор НАТО-н инарлан секретаро Столтенберг Йенса дIахьедар дина ша а синтем байна ву Москохо Шемахь лелош дерг бахьана долуш аьлла. Оьрсаша лелочух кхетар вуно мехала ду бохуш вара иза.

XS
SM
MD
LG