ТIекхочийла долу линкаш

Хьаьжой байина Минехь


ТIеххьара болчу хаамца, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь хьаьж деш беллачу нехан терахь ду 717 стаг. 800 сов стаг лазийна ву. Алсам гулделла адам вовшашна тIетаIар нисделла Маккана гена йоцуш йолчу Мина олучу гIалахь. Бохам хиллачу метте тIеозийна бу лоьраш а, орцаллин министраллин белхахой а.

Иза шолагIа бохам бу кху баттахь Сауди Iаьрбийн пачхьалкъехь хилларг. Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь Маккахь Хьаьжин цIанна уллехь, тIе кран а йоьжна, вийра 111 стаг.

Кху шарахь пхеа денна лерина хьаж доладелла кху беттан 22-чу дийнахь. Хьаж дечу нехан терахь ду ши миллион гергга стаг. Уьш бу 164 пачхьалкхера бусулба нах.

XS
SM
MD
LG