ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIера сепаратизм - зулам, арахьарниг - ниIмат


«Къаьмнийн диалог» цIе а йолуш, сепаратизмах лаьцна, цуьнан орамаш, тIаьхьалонаш толллуш конференци хилла кху деношкахь Москох. Цига гулбеллера тIе ца оьцучу пачхьалкхийн, масала «Гавайи паччахьаллан», «Донецкан халкъан республикан» векалш.

«Глобализмана дуьхьал болам» олучу Кремло кхобучу юкъаралло вовшахтоьхначу конференцина хьажаийнера 2 миллион сом, хаамбо РБК-агенталло.

Барамехь дакъалаьцна маршонехьа шайн къаьмнаш кхойкхуш схьабаьхкинчу, Гавайерчу а, Ирландерчу а, Донецкерчу а, Луганскерчу а сепаратисташа, иштта Пуэрто-Рикона маршо лоьхучу «Боринкен» юкъаралло а.

Юкъара дарна массарна а Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ емалъяр.

«Глобализмана дуьхьал боламо» шен Iалашо лору Iамеркан империализмаца къовсам латтор - ткъа Оьрсийчоь оцу къовсамехь коьрта лидер ларало.

Дахначу шарахь Оьрсийчохь тIеэцна лелаш низам ду, сепаратизм зуламан могIаре а яьккхина, цунах экстремизм а олуш, къоман маршо юьйцуш, ойланаш яржийначунна 3 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхайкхош.

Цундела тамаше хета тергамчашна, и конференци Оьрсийчохь дIаяхьар. Амма, гарехь, конференцин декъахойн цунах лаьцна хаарш кIеззиг ду.

Ирландерчу партин векало Маклафин Шинн фейн Майкла шена ца хаьара боху оьрсийн оцу низамах дерг. «Корьтаниг, суна евза Оьрсийчоь, Нохчийчоьнах а ду сан жимма хаарш, цо кхечу мехкашка тIемалой хьийсабо, изза хаьа суна Нохчийчоьнах а,» - бохура цо конференцехь журналисташка.

Ирландехь санна, Британин Къилбаседа Ирланди провинцехь жигара хьийза Маклафинан парти маситтаза бехкейина терроран ларалучу «Ирландин Iедалан эскарца» уьйраш латторна. Делахь а, Маклафина ца лору ша сепаратист.

«Тхо ца гIерта цхьаьннех дIакъаста. Тхо британхоша йийсаре лецна ду, церан куьйгакIелара довла гIерта тхо», боху Маклафина.

ТIе ца эцначу пачхьалкахан Боринкенан векалша а боху изза. «Цкъа Испани тIелетира тхуна, юха Iамерка. Тхуна тхайн пачхьалкх а хета йийсарехь», - элира «Боринкен» боламан декъашхочо Гарсия Франсиско Йордана. «Тхан агIончанна Оскар Ривера Лопесна набахтехь такха 34 шо тоьхна цо маршоне кхайкхамаш барна. Изза ду хIинца а».

Ша сепаратист ца хета ур-атталла «Донецкан халкъан республикан» векална Рогов Владимирна а. «Киевехь тхох сепаратисташ, террористаш олу, амма и харцо ю. Тхуна ца лаьа тхайн лаьттах къаста. Мелхо а тхайн латта дерриг а паргIатдаккха гIерта тхо, » -элира Рогов Владимира.

Оьрсийчоьнан сепаратистийн боламашка болу хьажам тIаьххьарчу заманахь хийцабаларх лаьцна иштта элира бакъоларъярхойн «Мемориал» юкъараллан куьйгалхочо Черкасов Александра: «I992-чу шарахь Оьрсийчоьно дакъалецира пхеа тIамехь, царех биъ сепаратисташца я царна тIекарлоеш бара.

Приднестровьехь, Къилба ХIирийчохь, Абхазехь Оьрсийчоьно сепаратистийн агIо лецира, Азербайджанехь -Iедалан агIо. ХIетахь Оьрсийчоьнан цIарах масала, Басаев Шамиль а вара цигахь».

Амма парадокс ю, боху Черкасов Александра, Нохчийчохь ши тIом а бина, Оьрсийчоьно шен дозанал арахьарчу сепаратистийн агIолацар.

«Цкъа Къилба ХIирийчоь, юха Украина, суна иза шизофрени хета», боху бакъоларъярхочо.

Конференцех а, цо айинчу теманах а лаьцна къамел хилира Маршо Радион кхузаманан политика шен тергонехь латточу Парижерчу историн докторца Вачагаев Майрбекца.

Вачагаев: «Цара схьагайтинарггий, оцу чохь къастинарггий, уьш цхьанне а кепара, Европехь хуьлийла иза, я Америкехь хуьлийла, я цIе йоккхуш а, я нахана бевзаш я бу-бац хууш нах бацара, Ирландера векал воцург. Иза а муха ву хьуна аьлча, цхьана хенахь, Ливехь Советан Iедало гIо а деш, цара латтийна вара.

ХIетахь дуьйнна, шайн Москохца зIе латтош, бух дIабалназа болундела кхайкхар нисделла церан. Цара лелориг хIун дара, хьовсал, тхо дика а ду, ишта а ду боху аш, тхан а ма ду шуна дуьхьал дакхха хIума. Шун пачхьалкхашкара нах оха шуна дуьхьал бохуш бу, шух дIакъастийта.

Я Францера, я Англера стаг а ца вахана оцу конференце. Шайх дIа а къастина, цхьа а маьрша вала йиш яц боху Оьрсийчоьно, шаверг а шайна чу ван лууш ву, бохуш нахана хьалха дилла гIерта уьш. Вайна ма-хаъара уггар декъаза пачхьалкх, хала пачхьалкх, нахана тIехь ницкъ бен пачхьалкх Оьрсийчоь ю».

Гуш ма-хиллара, чоьхьарчу къаьмнашна маршадовла лиича, цунах "сепаратизм" олу, ткъа иза Оьрсийчохь "терроризмана" уллера термин ю. Шех къаста лиина къам тухий-дорий охьадуьллу Кремло.

Ткъа луларчу мехкашкахь говттучу сепаратисташна накъост а Оьрсийчоь. Ю, шех дуьне мел кхаьрдарх а шек а ца йолу накъост.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG