ТIекхочийла долу линкаш

ГIо-накъосталлин тобанаш лохкуш бу Луганскера сепаратисташ


Луганскерчу сепаратисташа омра делла, цигарчу бахархошна гIо деш болчу дуьненаюкъарчу гIо-накъосталлин организацийн декъашхошна махкара арадовла аьлла. Цунах лаьцна хаам бина гуманитаран хаттаршкахула Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан секретаран когаметта волчу О'Брайен Стивена. Цо дийцарехь, сепаратисташа лохкуш бу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин векалш а. И бахьана долуш синтем байна ву ша бохуш вара О'Брайен Стивен.

«Луганскан халкъан респблика» олучу тобанан территори йита дезаш ю дуьненаюкъараллин структураш Шоьта де чекхдалале. «Доза доцу лоьраш» организацино хIинцале а дIакъевлина шен Луганскера офис. О'Брайен Стивена дийцарехь, Луганскера сепаратисташа лелориг къоршаме дуьненаюкъара низамаш дохор ду.

ГIо-накъоасталлин организацеш болх сацор бахьана долуш эшам хир болчу нехан терахь ду 150 эзар стаг. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь долчу терахьашца, Украинин малхбалера конфликтехь вийна лаххара а 7962 стаг. Цхьа миллион ах миллион стаг мухIажарийн хьелашкахь висина.

XS
SM
MD
LG