ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоь реза яц шайн хьаьжойн кхерамазалла ледар ларъярна


Еарин дийнахь Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь хьаьж деш веллачу 700 сов стагана юкъахь 131 гIажаро ву. Цунах лаьцна хаам бина ГIажарийчоьнан Iедалан векалша. Сауди Iаьрбийн пачхьалкхан векалша дийцарехь, тIеххьара болчу хаамца, Мина гIалахь адам вовшашна тIетIатаIар бахьана долуш вийнарг ву 717 стаг. 805 стаг чевнаш хилла ву. Оццул дукха хьаьжой байина бацара цу махкахь 1990-чу шарахь дуьйна. Цу шарахь Мина гIалахь тоннел чохь вийра 1426 стаг.
ГIажарийчоьнан лидерша, шайна юкъахь аятолла Хаменеи Iела а волуш, критика йина Сауди Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалан векалшна, цхьа а низам а ца лардеш, адамаш дала хьовсорна. Гезгмашин-беттан 24-чу дийнахь Хаменеис дIахьедар дира, Саудин Iаьрбийн пачхьалкхан куьйгалло шена тIелаца беза и адамаш даларан бехк аьлла.
Мина гIалахь хилларг шолагIа бохам бу кху баттахь Сауди Iаьрбийн пачхьалкъехь хилларг. Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь Маккахь Хьаьжин цIанна уллехь, тIе кран а йоьжна, вийра 111 стаг. Кху шарахь пхеа денна лерина хьаж доладелла кху беттан 22-чу дийнахь. Хьаж дечу нехан терахь ду ши миллион гергга стаг. Уьш бу 164 пачхьалкхера бусулба нах.
XS
SM
MD
LG