ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кеманийн компанешна болх бар дихкина Украинехь


Украино дихкина шайн махка лела Оьрсийчура "Аэрофлот" а, "Трансаэро" а олучу компанийн кеманашна. Цунах лаьцна хаам бина шен «Твиттерехь» йолчу агIон тIехь Украинин Iедалан зорбанан сервисо.
Уггаре а халха Украинехь болх бар дихкинчу компанех ю "Аэрофлот" а, "Трансаэро" а аьлла ду цу хааманна тIехь. Цул сов, Украинин Iедало дихкина Оьрсийчоьнан компанийн кеманашна шайн тIерриторина тIехула чекхдовла, нагахь царна тIехь тIеман, я тIеман хьелашкахь лело аьтто болу кира белахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG