ТIекхочийла долу линкаш

Кху ГIурбан деношкахь хаамаш баьржира прессехь, Кадыров Рамзана делкъе елла, бузийна Шемара баьхкина Германерчу мухIажирийн куьпа дIатарбелла нах, аьлла. Оцу юкъанна рогIера нохчийн мигрантийн тулгIе гIаьттина Европехь. Царна етта новкъахь полицино, цара лов халонаш.

Эзарнашкахь, цкъа а цахиллачу барамашкахь чубаьржинчу мигрантех дийцар коьрта тема ю тIаьххьарчу баттахь социалан машанехь. ТховкIело лоьхуш, массо а пачхьалкъийн неIарш етта цара.

Немцойн канцлера Меркел Ангелас кхайкхира Европан лидерш а шайн-шайн мехкашка мигранташ чубитаре. Цо билгалдаьккхира, ша коьртехь йолчу партино мигранташна гIоьнна 6 миллиард евро луш хилар. ТIаьххье Францино хаийтина ша 5 миллиард евро дала кийча хилар мигранташна гIоьнна.

Юьстах яц иштачу гIулкхана Нохчийчоь а. Регионерчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондо эзар ца кхоччуш Малхбалера немцойн пачхьалкхе сехьа бевлла мухIажирш бузийна Киль гIаларчу ресторанехь.

«Некъан халонаш лайна, эшначу дахаран хьелашкахь цкъачунна бехачу мигранташна хала дара оццул шайн йина терго тIеэца. Фондан президент Кадырова Айманин дог лозу Малхбалерчу хьоло бохийна, баржийначу мухIажирех. ПIерасканадийнахь кхин а эзарнаш мигранташ юучух кхетийта Iалашо ю тхан.

Ишта купан декъатIехь берашна ловза майда а йийр ю, спортах ловза а оьшу гIирс эцна дIахIоттор бу. Фондо тIелаьцна Шемарчу мухIажирийн берашна йоьллучу доьшийлашкахь стоьлаш, гIенташ эца а», аьлла яздина шен интернетерчу Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цул совнаха, кхаарийдинахь Соьлж-ГIаларчу коьртачу маьждига хьалха «Буьйсанан берзалой» байкерийн тоба гулъеллера шайн Кадыровн цIарахчу фондан ахчанах эцначу мотоциклаштIехь.

Шемарчу тIамах бевддачу мухIажирийн дог эцар ю шайн коьрта Iалашо, аьлла яздинера Инстаграмехь Грозный ник лелочу байкера.

Ша-шех хаттар эккха коьрте: Нохчийчохь Iер-дахар лаккхарчу тIегIанехь, оццул аьхна, биргIанашчухула шура а оьхуш делахь а, хIунда уьду нохчий шайн махкара Малхбале?

Тайп-тайпанчу хьостанаша социалан машанехь Iорадаьхначу терахьашца кху 20I5 цхьана эхашерачохь бIе эзар сов нохчо дIавахна Европе.

Гезгамашин-баттахь Тересполь Полшин гIалахь инцидент иккхира Нохчийчуьра бевддачу мигрантшний, меттигерчу полисхошний юкъахь. Дозанал арабовла хьийза нах, Iедалхоша юха тоьхначохь иккхинера и конфликт.

БIеннашкахь нохчий сеца Брестехь, цигара Полше дехьабовла сатуьйсуш. И хаам баржийна Беларуссин зорбанан хьостанаша.

Стенах уьдуш ду къам шайн махкара? ХIун лоьху цара хийраллехь?

Тергамчашна хетарехь, бахьанаш тайп-тайпана ду: экономикан а, политикан.

Вуьшта аьлчи болх-некъ а болуш, синтемечу, маьршачу дахаре сатуьйсуш дозанах буьйлу уьш.

Маршо Радионо дехар дира Полшехь бехачу вайнехан дидер волчу Ильясов Шарпудига дийца, хIун хьал ду Брестана а Полшина юкъахь, дуй-те ма дуьццу дистина дIабаха арабевллачийн терахь, хIинццалц хецна, цхьа а дуьхьало а йоцуш дехьавала аьтто хуьлуш хилча, стен новкъарло йо нохчочунна, маршоне бечу новкъахь?

Ильясов: «Нах тIе а ма оьцу кхузахь, и сехьа ца бовлуьйту нохчий муьлш бара хьуна аьлча, цхьана ханна кхузахь Iен а Iийна, Европехь «стоп» а тоьхна, цIа бахана, цигахь цхьа ахчанаш схьа а эцна, юха богIуш хилла нах бу. Амма вуьшта, дуьххьара кхуза богIу нах сехьа а ма бовлуьйту, тIе а ма лоцу.

Вай нохчий, туристаш санна дIасалела Iемина бу. Вуьшта чолхе а дац кхузахь. ВидеоштIехь хилларг ас гIарадаккхийтина а дара, ма-дарра аьлча, цхьа ши нохчо вовшахлеттера кхузахь, и шиъ дIаса ца ваккхалуш, Iедал юкъагIоьртинера, вайн зударша цуьнах паника йинера. Амма со цец а вуьйлуш, тIаьххьарчяу заманахь кхуза схьаоьху нах, доккха хIума ду.

Ахь къамел ма дой цаьрца, шу хIунда догIуш ду цIера, хIун бахьана ду, хаза гIала ю, олий. ВаллахIи цара бохург хIун ду, ца Iало шаьш оцу цIахь, я болх бац шайн, нийса дерг дIаала а йищ яц, я низамаш дац бах лелаш, хьо Iедале ваьлла чу заявлени делча и схьа эца а ца баьхьа боху,тIаккха шаьш цIахь Iийна а хIун до, бохущ схьаоьхущ бу-кх и нах»

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо Шемарчу мигранташна ГIурбана дийнахь кхачабаорах хилира тхан Ильясов Шарпудица къамел. Мацалла яц Европехь элира цо, меца нах бузо лаам болчунна, Нохчийчохь а кIеззиг карор бац, гIо оьшурш.

Ильясов: «Кхузарчу Iедало мухIажирш меца буьтуш бац, вайн цIахь баккъал а миска нах бу, царна хьжийнехь дика хир дара и ахча а, кхузахь меца бац нах, Германехь муххале а. Луш даиманна а ахча а ду еврошкахь, тергонехь а бу мухIажирш».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG