ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь коррупцина дуьхьал кхеташонан куьйгалхо хIоттийна Джемилов Мустафа


Украинин халкъан депутат Джемилов Мустафа Коррупцина дуьхьал политикан хаттаршкахула йолчу къоман кхеташонан гIантда хIоттийна Украинин президенто Порошенко Петрос. Цу хьокъехь указ гучудаьлла президентан сайтан тIехь.

Оццу указаца билгалбаьхна цу кхеташонан декъашхой а. Царна юкъахь ву президентан администрацин куьйгалхочуьнан когаметта Таранов Андрей а, Украинера Iамеркин йохкаэцаран чоьнан президент Гундер Андрей а, Украинера Transparency International организацин куьйгалхо Марусов Андрей а, кхиберш а.

Коррупцина дуьхаьл йолчу политикан хаттаркахула йолу кхеташо кхоьллина Украинехь стохка ГIадужу-баттахь.

XS
SM
MD
LG