ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нийсоне а, къинхетаме а кхойкху Папас Франциско


Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь волу Римера Папа Франциск ПIераскан дийнахь вистхилла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарлан Ассамблеяхь Нью-Йоркехь. Барам а боцуш Iедале гIертар а, рицкъ гулдан гIертар а вуно кхераме ду, бохуш вара Папа.

-Къелла дIаяккха еза кхун дуьнентIехь, хIора стеган бакъо ю дахарна оьшург хила, -элира цо. Франциско кхайкхам бира дуьненерчу лидершка хIора шайн махкахочунна дахарна оьшург хилийта аьлла.

Ша дуьйцург кхо хIума ду- хIусам, болх, латта - бохуш вара Папа Францис. ТIаьхьо оццу дийнахь Риман католикийн килсан да цхьаьнакхийтира 2001-чу шарахь ГIадужу-беттан 11-чу дийнахь Iамеркехь хиллачу теракташкахь кхелхинчу нехан гергарачерца. И церемони хилира Дуьненан йохкаэцаран центран ши гIишло лаьттинчу меттехь йолчу мемориалан центрехь. Беллачеран синошна хьажийна доIа дира Папас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG