ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан шпионах хийцина Эстонин полицин эпсар


Шпионаж лелийна аьлла Оьрсийчохь чувоьллина волу эсто Кохвер Эстон хийцина Эстонин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эпсар хиллачу Дрессен Алексейх. Дрессен хан токхуш вара Оьрсийчоьнна Эстонин къайленаш дIайийцарна. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, ФСБ-н хьостанашна тIе а тевжаш. И ши стаг хийцина Псков кIоштахь «Куничина гора» олучу доза хадочу меттехь Пиуза хин тIехула долчу тIайн тIехь. Эстонин полицин эпсар Кохвер лаьцнера оьрсаша 2014-чу шеран ГIадужу-баттахь. Оьрсийчоьнан ФСБ-но дIахьедар дира, иза леррина агентан операци дIахьош хилла аьлла.

Эстонин Iедалша бинчу хаамца, Кохвер лачкъийнера Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн белхахоша Эстонин территори тIехь. ДIабаханчу баттахь Псковн кIоштан кхело 15 шо хан туьйхира Эстонерчу полисхочунна. Эстонин а, Евробертан а, Европарламентан а куьйгалло Кохвер Эстон сихонца дIахецар дехнера Оьрсийчоьне. Ткъа Эстонин полицин белхахо хилла Дрессен Алексей, 16 шо а тоьхна, чувоьллина вара 2012-чу шарахь Эстонехь даймахкана ямартло лелийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG