ТIекхочийла долу линкаш

Шадиев Ахьмада туьйра кхоьллина дуьненна а...


ГIалгIайчоь --ДабагIдархо, эксклюзивехь чIеран чкъорах кIаденаша деш волу Шадиев Ахьмад, Магас, 28Гез2015

ГIалгIайчоь --ДабагIдархо, эксклюзивехь чIеран чкъорах кIаденаша деш волу Шадиев Ахьмад, Магас, 28Гез2015

Цкъа, цхьана дийнахь, ткъе иттех шо хьалха, Волгоградна гергарчу цхьана гIалахь цхьана хьаькамца барт а хилла, цигахь, оцу хьаькамо меттигерчу белхан хIусамех лучу чоьнийн дуьхьа ГIалгIайчуьра цIерапоштаца шен бизнес дIаелла воьдуш вара Шадиев Ахьмад.

Цо бежанан цIоканах туьйра дан чIагIойинера, амма ца тешнера шен даймахкара хьаькамаш – цундела карийра геннахь оьрси.

Новкъахь къоладира Ахьмадна. ВорхI кепек кисанахь а юьсуш, кхечира иза ша бизнес йоло леринчу Котельниково гIала.

Бакъду, туьйранахь санна хаза мача, духар ша деш-м гайтира цо.

Цул тIаьхьа бегаше а доцуш, баккъал а долу туьйра юьхьарлецира Шадиев Ахьмада - чIеран цIоканах коч, мача дар.

ДабагIдархочух туьйранча массара а олура. Хьанна моьттура чIеран цIокано стаг вохвийр ву, хазвийр ву.

Амма кхочуш-м хилла Ахьмадна дагахьаьхнарг. ХIинца иза дуьненахь дукха а боцчу говзанчийн могIарлахь ву. ЦIоканах духар, мача, йийбар ечунна вовза а воьлла, хуьлда иза вехаш Норвегехь я Туркойчохь, Испанехь я Бразилехь.

Шен селхане, тахане иштта йовзийтира Маршо Радиона ша Шадиев Ахьмада.

Шадиев: «ЦIоканашца, неIарца ас болх бен 32 шо ду. Ткъа ша чIеран чкъорах неI дан волавелла 11 шо кхаьчна. Аьлча а, 11 шо ду чIеран чкъурах шуьйрра пайдаэца тхо дуьйладелла. Цул хьалха 20 шарахь неIарца а, цхьацца дийнатийн цIоканашца а болхбина зеделларг а долуш, стенна велира со чIеран чкъор лелон?

Суна иштта, шашах, хезира чIеран чкъорах цхьаццанхьа пайдаэца болош бу аьлла. 2001-чу шарахь Европан Берто 480 эзар доллар грант кхайкхийра чIеран чкъурах шуьйрра пайдабохьур болчунна. Суна дагадогIу, цхьана Испанерчу компанино, масала, юьхьаръийцира и болх.

Амма яцара кхиийна технологи. Цхьаболу нах хIинца а санна, цецдуьйлура дуьне, чIеран цIоканах хIун далур ду, бохуш.

Со а ваьллера цец, долийра ас чIеран чкъорах дерг талла".

Тахана, цкъачунна дуьненахь дукха а боцчу чIеран цIоканах духарш дечара ларамбо Шадиевн. Цуьнан «Шади» компани евзаш а ю царалахь. Ша арабаьккхинчу дуьненнаа керла болчу технологин некъах нах тешо эшар цуьнан хIинца а дирзина дац. Иза тахана декхарийлахь ву кхетош дийца чIеран чкъуран дикаллах, аьхналлах.

Шадиев: «Хьал иштта нисло. ЧIеран цкъор бежанан неIарал кхузза онда ду. ХIунда? Иза ша Iаламо кхоьллина хичуьра къиза хьал лан. Хьажал хьо, адамо хибуха воьдуш скафандр юху, юхий? Ца йоьхча, хино хьан цкъор датIор ма дуй. Ткъа чIеран дилх Iаламо, Дала, киса санна, дуьххь-дуьхьал хьесий доьлхуш кхоьллина, чIагIдина.

КхидIа. Со догйовхавеш хийцамаш бара дуьненахь хилла – чIеран цIока яра чIеран дилх, жижиг духкучу мехкаша йоккхуш, цхьа а пайда а ца оьцуш, вуно дукха дIакхуйсуш. ЧIара цIанбечохь цуьнан дилх цхьана агIор доккху, цIока - вукху агIор. Европехь низам арахийцира и чкъор лаахь а, ца лаахь а, хIаллакдан чIаралелораш декхаре беш. ХIинца цигахь чкъор Iаламна новкъадоцчу кепехь декхаре бу белхахой дагон, хIаллакдан.

Цундела яра гранташ луш а – чкъорах адамашка пайдаэцийтархьама, хила ма-дезза и чкъор новкъара дахийтархьама».

"Шади" фирмано чIеран цкъорах ден кIаденаш

"Шади" фирмано чIеран цкъорах ден кIаденаш

Шадиев Ахьмадах, ша юьхьараэцнарг керла некъ хиларе терра, хилла говзанча-оркестр. Ву иза чIеран цIоканна дабагIдархо, чкъуран къаденан технолог, мачаш тегархо, дизайнер, электронхо...

Шадиев: «ТIаьххьарчу итт шерачохь хими а яьлла дикка гена. Тахана оьшург дерриг а ду цIоканна дабагIадан а, хьоналлах иза цIанъян а, луъучу хьесапе ялон а. ЦутIе электроника а кIаргъелла – жима ма юй чIеран цIока.

Ас сайна дина жамI: глобалехь баккхий хийцамаш хилла, шуьйрра технологи кхолла аьтто беш. Суна моьттура, ас айса эхашарахь толлур ю, кхиор ю сайн технологи - зеделларг кIезиг а ма дацарий...

Дуьххьара ас чIеран цкъор кечдича, са а елира суна дикка. Амма технологи шоръеш, боккхачу новкъаяккхуш ас 7 шо дайира, айса мел IаIийначу таронех а велира – сан гIишлош яра, бизнес яра, дерриг а и технологи кхуллуш дайира ас.

И 7 шо даьлча а вацара со тешаш сайн технологи кхолла аьтто бер бу бохучух. ХIунда аьлча, итт цIока схьа а эцна, хала дац уьш кечъян».

Ша кху дуьнентIехь дукха а боцчу говзанчех вуйла хаьа Шадиев Ахьмадна. Амма дац цунах тIех деш дозалла а. Атта дац хьалханча хила, мохо гIум айинчу арене хьалханчин некъбан. Тахана цо деккъа дIа пост-фактум санна гойту шен къамелехь туьйранча а хуьлий, бакъдолчун дуьхьа къовсалучохь наггахь бен тоьлуш вацар.

Шадиев: «...Тхо дуьххьара ду дуьнено къобал а деш, чIеран чкъор, цIока арахеца дуьйладелларш. ДуьнентIехь шуьйрра технологи кхоьллинарш а тхо ду.

Масала, схьаоьцур вай изза цIен чIара. ДуьнентIехь тхуна санна ца хаьа цхьанненна а шуьйрра, хила ма-дезза чIеран чкъор пайдене дерзо.

...ТIаьххьара чIеран цIоканаш оха Прибалтикера еана.Ткъа со деношкахь Брюсселе ваханера чIара лелош йолчу меттигийн гайтаме, цигахь норвегийн, бразилахойн компанешца хьошалла тесна ас. ХIинца со Франце воьдуш ву, кху деношкахь, цIен чIеран цIоканаш оьцуш контракт хIоттон. Къилба Iамеркара, Перу махкара чкъор схьакхачаре хьоьжу тхо кху муьрехь, Бразилица а барт буьйцуш дохку. Балханна хьаштъерг тоьа хIинца.

Бизнесан керла кеп дуьненна иза хиларна хала ду, делахь а боккхачу новкъа-м девлла тхо. Уггаре халаниг хIун ду? Со волавеллачу хенахь а, хIинца а дуккхахберш ца теша, со цхьа бозбуанча хета, муха даккхало чIерана тIера неI, муха дало цунах духар, олу наха. Бакъду, пресса, и чкъор довзадоьлла нах алсамбийлар, атто ду хIинца".

Ша юкъарло латточу, шена тIеоьхучу компаньонех лаьцна а дуьйцу Ахьмада. Иза тахана луларчу Несар-Коьрте воьдуш санна воьду, ГIалгIайчуьра гIоттучу кеманца некъ болабой, Брюсселе я Буэнос-Айресе.

"Шади" фирман чоьнаш чохь

"Шади" фирман чоьнаш чохь

Шадиев: «ЧIеран чкъор кечдо тахана, шайн-шайн некъаш а бу и деш, Исландехь до, Китайхь до. Амма суна билгалдаккха лаьа, тхо а доьлла дуьненна довза. Масала, Португалера компани еана тхоьга, «Согима» ю иза. Цо «сакус» олуш чкъоран бренд кхоьллина. Оцу компанино дуьненахула шайн духаршна мега чкъор лехна дуккха а, оха кечден чIеран чкъор бен а ца мегна цунна, ша дагалаьцна мача а, духар а далуш.

Испанехь а ю тхан чкъорах духар деш компани. Туркойчоьно а ду тхо кху муьрехь шайн цхьана университето кечйинчу программин декъа дуьгуш. Цигахь оха тхайн фирмин дакъа схьадиллина, йолах тхо мукъадохуш, чIогIа дика хьелаш кечдина тхуна туркоша. ХIунда? Тхан фирма деккъа дIа ахчанна тIехьаяьлла фирма ма яц, эксперименташкахь, талламашкахь ма дуй тхо.

Кхи цхьа хIума а ду тхан дозанал арахьарчу компаньонашна товш – уьнах цIена, экологикалла алсам йолуш ду оха арахоьцу чIеран чкъор, вирус хIун ю а ца хаьа оцу материална. Оха цIоканашна дабагIадеш ца лелайо хими, лаьттахь кхиинчу ораматех ю оьшу кочаллаш. Ма-хуьллу, адамна зене йоцу материалаш ю оха лелош, цу тIе чIара а бу Дала цIена кхоьллина».

Дац цхьа а бух боцу дозалла, янне а яц куралла Ахьмадца. Цунна-м, тахана а ца хета ша долийнарг дуьззина толаме кхаьчна аьлла а. Фанат ву иза шен дахарехь, шен лехамехь. Ткъа хуьлуш вац я саьхьара а, я токхе а фанат. Ша хIинццалц хьегначун къаьхьалло ца магийна цунна я куравала а, я динчух тоамбан а.

Шадиев: «Ас Москох духкура айса дабагIадина чIеран чкъор, масала, Андрей-Фиш компанина а, кхечарна а, амма со суо вийца, воазийта кхоьрура. 7 шарахь Iийра иштта. Ткъа цара духкура ас кечдина чкъор, дуьнентIехь чIеран чкъор арахоьцурш шаьш бен дац, бохуш, интернетехула а даржош.

Ткъа со оцу юкъанна, сайн цIа банке а яздина, иза сайгара дIа а даккхийтина, доьзалца сайн белхан меттигехь вехира, 9 метр бен а йоцчу чоьнна чохь. Со цхьаъ висинера, дукхахболучара со хьераваьлла бохура. Со царех кхета а ма кхета, бизнесмен, ахча даккха а хууш волу, со ца хуьлу гIуллакх юьхьара эцна, къоьлле а вахана хьийзара, цхьа а перспектива а яц аьлла лоручу гIуллакхе а вирзина.

7 шерачохь эзарнаш-эзарнаш эксперименташ, со суо а шеконе кхочуш вара, хирий-те сан шуьйра технологи кхолла гIертарх гIуллакх, бохуш айса сайга. Со кхоьрура, ийзалора йоккхачу базара вала айса кечдинчу чкъораца.

Ткъа хIинца тхо девлла дуьненан базара. Тхоьгара чкъор зуьйра Италино, Францино, Сваровски компанино а кхайкхира соьга шаьш долчу изза таллам бан. Ткъа со вогура, экспертизах сайн чIеран чкъор чекх ца даларна кхоьруш – сан дог оьккхур дара жамI ирча хилча, иза лан а ца делла!

Иштта оцу 7 шерачохь дерриг а долуш волу со висира совъяьлла йийбар чукхуссучу хьармичохь сайн доьзалца".

...Шадиевс цхьана юьстахарчу адаман дахар дуьйцуш санна дагалоьцу хьалханчийн новкъахь лелларг-хилларг. ЧIеран чкъор цIандар, кечдар, цунах адам дулар дуьнентIехь долалуш бен а дац. Иза хьалханчех ву царалахь. ХIинца ойлайо цо, чIерах духар дан-м Iаьмнера шена, ткъа и духар массарна а дIакхачон хIун оьшу-те, бохуш.

Шадиев: «...Дукха хан йоццуш цхьаьна хьаькамца къамелдеш ас боху, ца хаьа шуна ас, цхьана стага, силадолчу технологин Iилманчийн декъо ловшйоллу хало лайнийла! Амма ас зераш ма дина дуккха а дукха, ас талла ма теллина, со дуьнентIехь массарел а хьалха тIаьхьа ма кхиина кху корматаллина. ...Иштта хилла а ма ду кху дуьнентIехь, цхьа къайле йостушверг ша цхьаъ а нислуш.

Амма со кхета, ас гIаттийнарг нана-йоккхачу индустрин гIуллакх-болх буйла. Делахь а суна аьтто болуш ду, ас кхуллучу чкъорана цхьа а дийнат леррина ен езаш яц,чIерах пайда а эцна, дIакхоьссинчу цIоканашца бу ас бен болх. Иза тайп-тайпана чIеран чIор ду. Еккъа цхьана Оьрсийчохь бу дуьненна бохка боккху 189 тайпа чIара. Ас кечден чкъор медицинехь а леладо – стаг этIийча, тоьгуш оьшу тай. Йийбар, галантерей, мачаш – массанхьа а пайде ду чIеран чIор. И дерриг со цхьаъ дан гIерта, цундела кхета сайх ца кхетачу нахах а.

Суна гонахарчу цхьаболучара олу, оооо, чIеран чкъор деза ду, ВИП-персонашна духар дечу Италина бен оьшур дац! Бакъду, масала, цIен чIеран чкъор дан а ду деза. Делахь а, эзарнаш шераш ду крокодилах мачаш, духар ден, ткъа цIен чIара? Цунах кхин а алсам самукъадолу пайдаоьцуш, чкъор дабагIадеш. ...Делахь а, могIарчу нахана лело чIеран чкъор а ма ду, соьгара харжаш кIезиг а оьшуш.

ЧIеран чкъор кечдан оьшу гIирс а ма буй керла, цкъа а арахоьцуш хилла а боцуш. Керла хIума иза хиларе терра, къахьегаш дезаш нисло».

Шех гонахарчаьрга цабешаш, «алхимик» а бохуьйтуш, болийна некъ, мухха а аьлча а, халонийн голабеттаршлахь биллина лаьтташ хиларо къад-м ца вина-те шовзткъе итталара волуш лаьтта Ахьмад? Жоп луш цо боху, иштаниг а нисло. Амма юха а, хьаьвззий, ша кхоьллинчу туьйранах вай тешо хIуьтту.

Шадиев: «...Дера кIад а ма ло. Со кхета чIеран цкъор кечдар хан хене мел йолу даьржар дуйла. Эша тарло дуккха а шераш. Самукъадалар а нисло, дог реза долуш мур а богIу. Дог духуш хан а йогIу. Хийла ойла хуьлу, хIара цхьанхьа а доцург кхолла а ца гIерташ, сайн, сайн доьзалан хьашташна тIеезийча терго, олий.

...Ас юьхьанца айсса чкъор кечдан а, айсса цунах духар, мачаш, цхьацца кхин хIуманаш ян Iалашо а ца лаьцнера. Амма хьал муха ду, тхаьш и материал кхоьллича, деллахьа ма дика ду хIинца, бохуш, Далла хастамбора. Делахь а цу тIехь доьрзуш а ца хиллера, тхайн и чIеран кIаде даржор а тхуна тIехь дуьсу. Оха 42 тайпа хIуманаш йо чIерах.

Мачаш оха а йо. Испанино а йо тхан чкъорах. Италино а йо. Туркойчоьно а йо. ТIоьрмигаш до, тхеша а до, цигахь а до. ЧIеран чкъор кхечу цIоканех стенца къаьста? Иза дуткъа а ду, чIоггIа а ду. Цхьатерра дац мачаш ен чкъор а, зударийн коч еш леладен чкъор а. Зударшна кучамаш ян мега чIеран чкъор ас шина шарахь теллира, кечдира, шораллехь-яхаллехь иза муха озалуш хила деза а зуьйш. Масала, йовхо я шело оцу чкъоро муха ловр ю а толлуш. Оха оцу талламашна лорий йо кучамаш, уьш шина шарахь лелайойту зударшка.

"Шади" фирмано арахьоьцу дуккха а хIуманаш

"Шади" фирмано арахьоьцу дуккха а хIуманаш

КIаде кхолларал совнаха, иза муха ду, цуьнан хIун дика башхаллаш ю гайтар а тIедуьйжира тхуна. Мачаш муха хир ю, духарш муха лелар ду, хIусамера йийбар муха хир ю – и дерриг а зер тхуна тхайнна дисинера. Оцу бахьанийца суна гонаха технологаш, кхиболу говзанчаш гулбелла. Иштта кхуьу тхан гIуллакх, оцо аьтто а бохьу, аттачу доккху тхан гIуллакх.

Къамел дерзош Шадиевга шегга жамI дойту оха. Тешадехьа тхо чIеран чкъорах йина мача, духар кхечул тоьлуш хиларх? Цо билгалйокхху юха а чIеран чкъоран башхалла.

Шадиев: «ХIинца хьажалахь, хIун ду чIеран чкъорах ечу мачийн? ЧIогIалла кхузза дукха ю. Юй? И доцург, хи худар церан кхечу дийнатийн цIоканца дуьстича 20-зза лахара а ма нисло! ХIундий? Схьаоьцур вай бежанан неIарх ен мача. Эзар хьаса бу цхьана дилхан дуткъачу цIевнехь, схьаэца хьайна зударша лелабен тIоьрмиг, я мача, цара бешча 100 -150 грамм хи тIеузу, неI деста, уьш яхка ахь йовхачу пеша улле, хих Iа хуьлу. Ткъа чIеран чIоро 3-7 грам бен тIе а ца узу.

Бежанан неIарх йина мача якъалуш, Iаьнарца адамна, Iаламна зене йолу, элементаш яьржа, чкъор деста, дакъало, лелха, тишло. Ткъа чIеран чкъораца и проблема яц, цундела цунах йина мача уьттаза дукха еха, яйн а ю, ехха а лела.

ЧIеран цкъорах жайнешна мужалташ а йо кхузахь

ЧIеран цкъорах жайнешна мужалташ а йо кхузахь

Технологин къайленаш хьуна евзича атта ду, ца хаахь – бала бу. Оха финашкара оьцу химин материал зийра, иза Германе, Франце а хьажайора цара. Амма суна иза ца мегира. Вон до и басарш аьлла-м дац иза, церан дика технологаш бу. Делахь а тхан материал царна ца йовзара, цундела тхан и хими тхайна ма-оьшшу тоян езаш нислора. ТIаьххьара а оха тхаьш кхоьллира тхайна и хими а, аьлча а, хими а йоцуш, ораматех доху оха басарш а, дабагIден муьсталлаш а.

ЧIогIа хаза басарш дало чIеран чкъорана – 5000 басе дерзало, басар лелха а ца лелха. Иза а ю оцу чкъоран дика башхалла, иза интересе а ду оцу агIор».

...Цхьа хIума ду тIаьххьара ала. Цкъа Маршо Радионо тоьлла адам, говзанча, хастош дийцича, цхьамма элира, иза-м реклама ма ю аьлла. Ойлане воккху ишттачу цатешархочо. Дикачу адамах, цуьнгара даьллачу дикачу хIуманах а ца дийцина вайх-м хIун дора, олий.

Хуьлийла оха Шадиев Ахьмадна йийриг реклама а! Амма ирсе ду вай, вай дерраш а, вешан сийдайта дуьненна а хьаштдолу адамаш вайлахь дийларна. Аьтто хуьлда хьан сенханлера «алхимик» Ахьмад, керлачу технологин говзанча! Цкъа шен Хьалхара Низам кхоьлличий бен а ма ца кхоьллина сийлахьчу физика Ньютона шен шолгIа низам!..

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG