ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн бакъоларъярхочунна дина совгIат


Дуьненна а евзачу оьрсийн бакъоларъярхочунна Алексеева Людмилина шарахь цкъа луш хуьлу ХIавел Вацлаван ахчанан совгIат делла Евробертан Парламентан Ассамблеяно. Адвокат, советан заманара дуьйна схьа диссиденташлахь йолчу, 88 шо кхачначу зудчо совгIат схьаийцира Францерчу Страсбургехь, ассамблеян сесси йоьдучохь.

1960-чу шерашкахь адамийн бакъонашкахьа къийса йолаеллачу Алексеевас кхоьллина ю Москох ХIельсинкин тоба. 1977-чу шарахь Iамеркан Штаташкахь эмиграцехь а Iийна, 1989-чу шарахь даймахка юхаеара бакъоларъярхо. 60 эзар евро ду Алексева Людмилина делла ХIавелан совгIат.

XS
SM
MD
LG