ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно гIо до Шемарчу Iедална


Оьрсийчоь дагахь яц Шемахь жихIадхошца дуьхьалъяла, амма хир ю цигарчу Iедална гIодеш, аьлла президента Путин Владимира Си-Би-Эс «60 минот» телегойтийлина ша еллачу интервьюхь. Iамеркан Штаташа Шемарчу гIаттамхошна гIодар, низамехь ца хиларал совнаха, цхьана а кепара пайде дац, аьлла Путина ша Штатийн президентца Обама Баракца цхьаьнакхета кечлучу юкъанна динчу къамелехь.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеян болх боьдучу муьрехь хила деза и цхьаьакхетар. Iамерка а, Европа саготта ю Кремло Шемарчу Iедална герзаца гIодар совдаккхарна. Ткъа Путина ша телегойтийлан хеттаршна жоьпаш луш элира, Оьрсийчоьно Асадна гIо до цигарчу жихIадхошна иза дуьхьаллаттийтархьама, амма эскарша лоцур дац цигарчу тIамехь дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG