ТIекхочийла долу линкаш

ЦIехьабоьрзуш бу Маккахь хилла нохчий


ЦIехьабоьрзуш бу Макка, Медина бахана хилла нохчийн хьаьжой. Хьалхара тоба ялош доьссина кема Соьлж-ГIалахь. Кхушара 16 эзар 400 меттиг беллера Оьрсийчуьрчу бусалбанашна ХьажцIа баха, амма ца эцабелла меттигаш 12 эзар ах эзар стаге бен.

Еккъа цхьа Нохчийчоьй, ГIалгIайчоьй ю шайна кхачийна хилла меттигаш берраш а дIаэцнарш. 2600 стаг вахара кхушара хьаьждан Нохчийчуьра.

XS
SM
MD
LG