ТIекхочийла долу линкаш

Iедалан хаамийн гIирсаша,кIадо йоцуш деза дуьйцуш, шуьйра гойтуш билгалдаьхнера Нохчийчохь ГIурбанан денош. Ярташкахь мискачарна декъна уьстагIий. Бакъду, Iедалера гIо хилларш кIезиг бацахь а, Iаламат дукха бисна кхушара ГIурба ден амал доцурш.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь даима а санна, ГIурбана деза денош лерина сагIанаш даьхна Нохчийчохь урхаллехь болучара. Официалан кхайкха а деш бIеннашкахь гIурбанна дайа уьстагIий дахьийтина Идал хица Iуьллучу Аштаркъ кIошт биста кхаччалц лула-куларчу мехкашка а.

Цу декъехь тамашбарш а, цакхетарш а кIезиг дац махкахь. Чот йоцуш дукха нах цецбуьйлург ду кхузахь,шен махкахь йина кхачо а йоцуш, гIурба де таро йоцуш вуно дукха адам а долуш кхечу мехкашка даьхний дIакхехьар.

МогIарерчу наха шайна и за новкъадарах а, тамаше хетарх а къайле а ца еш дуьйцура. Цу хьокъехь шена хетарг довзуьйтуш ю Соьлжа кIоштера Мадаева Моша аьлла шен цIе яьккхина яхархо.

Моша: «ГIурба деза бисина дукха нах бу. Балхахь берш а бу.боцурш а бу . Тахана со-со а йисна и ден йиш йоцуш. КарадогIуш хIума ца хилча, и аьтто а ,таро а ца хуьлу. Оццул къахьегча а и сискал соьга къиза яало. Со саннарш дуккха а бу. Махках ара а даьхна, дIа а ца кхоьхьуьйтуш, цкъа кху чохь кхачо ян езар-кх аьлла хета нахана. И дала сагIа дойла везачу дала. Деллахь а кхузахь оьшург бен хIума а доцуш и лелош хилча та-м ца тов…»

Бакълена а гIурба де йиш йоцурш Нохчийчохь эзарнашкахь багарло. Цунна даре до шаьш бахархоша. Шайн урамехь I6-I7 хIусам-ков –керт ду,шайна чохь вехаш ткъех да а волуш. Царах шиъ бен вац гIурба де аьтто хилларг боху Новр кIоштерчу Iалавдис. ГIийла бохкурш кIезиг цахиларх цо элира.

Iалавди:» Телевизионехь схьагойтуш дерг цхьаъ ду,ткъа дахарехь дерг кхин ду. Нахана чIогIа дегаза хета и хIумнаш. Таро йоцуш дукха бу. Сан лулахо ву царех цхьаъ. Ас-м дакъа дахьийтина цунна. ГIурба де шен таро цахиларх соьга дийца а эхь хетар-кх цунна. Болх-некъ бац цуьнан. Нахана йолах асар дан оьхуш ю хIусамнана а. И саннарш дукха ма бу…»

Нохчийчохь эшамехь Iаламат дукха нах а болуш,700-800 чакхарма генахь Iохкучу мехкашка а гIоьнна даьхний хьежор цхьаболчара политикаца дузу. ГIубанан дозаллин хьакъболлу мах а хадош, кхечу кIошташкахь рицкъ дIаозарх шен хьажам-ойла йолчех ву гуьмсан кIоштера йохкаэцархо Абубакар.

Абубакар: «ГIурба дезачу суннатех а деза суннат ду. Аьтто боцуш болчарна аьтто бан безара. Кхечанхьа дIакхехьар ас политикаца дузу. Дала хьалха дозалла дац иза. ХIора юьртахь мискамнаш къасто хала ма дац. Царна кхачо дезара гIо, Далла гергахь тIаккха ял а хир яра алсам.

Дуьненан хIумнаш дита дезара, бусалба нах юха а тоьттуш деш дерг Дела дуьхьа хуьлийла а мА дац. Бакълена а гIо оьшург билгал а ваьккхина,уггар хьалха кху чохь гIо деш хилча и нийса а хир дара,мелехь а хир дара»…

Шайн дагара хоуьйтуш гIарбийла некъаш бацахь а шайлахь бахархоша дийцаре де-ш лаьтташ ду официалан далхош дерг а, хIора денна а дахарехь тергаллуш дерг а.

Цара дустарехь хьесап до, кхетамехь луьттуш ,узуш чекхдоккху мел гург,схьакъастадо бакъдерг а, бен-башхалла а доцуш,тIеэца сих ца луш, шаьш дахарехь зеделла нах хиларе терра дIатотту яхьний,дагний лело моттаргIанаш.

XS
SM
MD
LG