ТIекхочийла долу линкаш

Кундуз юхаерзо гIерта ОвхIанистанан эскарш


ОвхIанистанан Iедалан эскарша дIайолийна тIеман операци тIалибаша оршотдийнахь схьаяьккхина Кундуз юха шайн долаерзош. Шинарийдийнахь оцу хьокъехь дIахьедар деш президента Ашраф ГIанис элира: «Эскарш ду цига даха новкъадевлла, Iедалан хIусамаш юхакараерзийна лерринчу ницкъаша». ТIеман министралло бечу хаамца, схьаяьккхина тIалибашкара Кундузера набахти а, полицин хIусам а. Атлантикан альянсан пресс-секретара бахарехь, Iамеркан тIеман кеманаш гIевттира ОвхIанистанан эскаршна гIодеш.

Кундузерчу аэропорте дIагулделлера тIамца чубаьхкинчу тIалибех довдуш меттигера тIеман а, полисхойн а дакъош оршотдийнахь. ТIаьххьарчу 14 шера чохь дуьххьара яьккхина тIалибаша Iедалера махкахь уггар яккхийчех йолу Кундуз гIала.

XS
SM
MD
LG