ТIекхочийла долу линкаш

Путинан, Баракан къамел пайдабохьуш хета цхьаболучарна


Шемара тIом берзоран хьокъехь дечу бертан къамелашкахь цхьацца юкъара гIортораш карийна Iамеркан Штаташний, Оьрсийчоьнний, аьлла, дIахьедина КIайчу ЦIийнан пачхьалкхан секретара Керри Джона. Обама Барак а, Путин Владимир а Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеян кулуарашкахь вовшахкхеттачул тIаьхьа дира и къамел Эм-Эс-Эн-Би-Си агенталлехула Керрис. «Исламан Пачхьалкх» олу террорхойн тоба зуламе хилар кхетадо шина а пачхьалкхо, амма Вашингтон тешна ю Асад Башар Шемин президентан даржера а ца воккхуш цу махкахь машар бойла дацарх, ткъа Оьрсийчоьно иза тIе ца оьцу, элира Керри Джона.

Кремлан дипломатин лидерна Лавров Сергейна а хета Штатийн а, Оьрсийчоьнанан а президенташа Шемин хьокъехь дина къамел пайдабохьуш ду аьлла. Шина лидеро долийна къамел дIахьош, кхаарийдийнахь цхьаьнакхета веза Керри а, Лавров а.

XS
SM
MD
LG