ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевехь кхел йолийна шина эскархочун


Киевехь кхел йолийна оьрсийн шина эскархочунна Александров Александрна а, Ерофеев Евгенийна а тIехь. Украинан малхбалехь террорехь дакъалацарна бехкево иза шиъ. Хьалхарчу ладегIаршкахь шаьш бехке вац, аьлла, дIахьедина шимма а. Прокуроро хан кхачаяллалц набахтехь кхабар дехна Александров а, Ерофеев а. Шаьшшиъ баккъал а эскархо вара лоцучу муьрехь, амма шайгара зуламаш дийлина дац, элира цара шайн кхелехь шинарийдийнахь.

И шиъ йийсаре валийра Украинан ницкъаша пхи бутт гергга хьалха. Шина эскархочун дов хоттучу дийнахь Оьрсийчохь кеманхочуьнга-украинахочуьнга Савченко Надеждига а бара бартхоттуш Ростов-гIаларчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG