ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин - Обама: бIаьрга тIе бIаьрг хIоттийна


Нью-Йоркехь оршот дийнахь дIайолаеллачу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн инарла ассамблейхь вистхилира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Шина пачхьалкхан куьйгалхойн дагадовларш а дIадаьхьира циггахь.

ТIаьхьарчу итт шарахь дуьххьара вахнера Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Нью-Йоркехь дIахьочу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн инарла ассамблее. Украина бахьана долуш Малхбузенан, Оьрсийчоьнан шелъелла юкъаметтигаш а, Обама Баракъний, Оьрсийчоьнан куьйгалхочунний юккъера контакташ а янне а йоцуче евлла хилар а, Путин Владимир дуьненан кхиинчу пачхьалкхийн куьйгалхойн тобанехь карарчу хенахь башха ган лууш волу хьаша ца хилар а тидаме эцча, тамаша а бац, дуьненан юкъараллин ша болу тидам а Путинан, Обамин вистхиларний, цу шиннан цул тIаьхьа вовшашца хиллачу дагадовларшний тIе бахана хилча.

Иттанаш телекамераш Обама Баракъан а, Путин Владимиран а хIора дош, хIора а жест, хIора меттаххьар тергал деш а йолуш, дIадоладелира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан ассамблеяхь къамел. Ша вистхуьлучу юкъана цкъауза а Путинан агIор бIаьрг ца берзийра цуо. Путинан цIе а ца йоккхуш, Обамас бехке йира Оьрсийчоь ГIирма ахгIайренна аннекси ярна.

Шен рогIехь Путин Владимира дуьненчохь тахана кхолладеллачу хьолана бехке дира, цхьаццаболу ницкъаш дуьненчохь шаьш цхьаммо аьлларг чекхдаккха гIерташ хилар, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралла тергал а ца еш, и ницкъаш, Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьн дешнашца аьлча, „цхьаъ бен йоцу доминацин центр“ хила гIертар.

Шайн ассамблеяхь вистхиларш чекхдевллачул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а ши президент цкъа хьалха журналисташна гучехь вовшах кхийтира, хаамийн гIирсаш „исторехь уггаре а доца куьг далар“ аьлла цIе тиллина вовшашка куьйгаш кховдорца. Цул тIаьхьа цу шиммо цхьана сохьтана эха сохьтана дагадовларш дIадаьхьира дIакъевлинчу неIаршна тIехьа.

Амма дагавдовларш чекх а девлла, ши президент араваьлча церан яххьашца а, церан вистхиларшца а кхеташ дара, цхьа а барт цу шинна юккъехь ца хиллийла. Журналисташка вистхуьлуш Путин Владимира хьахийра, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш ледарчу хьолехь хилар а, цу хIуманна бехке Оьрсийчоь ца хилар а.

Путин: „Оьрсийчоьнан, Цхьанатоьхначу Штаташийн юкъаметтигаш тоъалла лахарчу тIегIанна тIехь ю, иза ас ца аьлча а кхеташ ду. Амма иза тхан инициатива яц, Оьрсийчоьнан, Цхьаьтоьхначу Штатийн юкъаметтигаш цу хьоле кхаччалца лахйар. Иза тхан Iамеркерчу партнерийн позици ю. Дика ду иза я вуо ду. Суна хетарехь, вуо ду, шина агIонан юкъаметтигашна а, дуьненаюкъарчу гIуллакхашна а. Амма и харжам бинарш Цхьаьнатоьхна Штаташ ю. Тхо даима а кийча ду юкъаметтигаш кхиа ян а, уьш кхоччучу барамехь юхаметтахIиттон а“.

Кхеташ ма-хиллара, карарчу муьрехь, Украинел а сов, Малхбузенан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш шога йохуш дерг Шемара хьал ду. Нагахь санна Цхьаьнатоьхна Штаташ йоккха коалици а кхоьллина, Шемин президент Асад Башар вожон Iалашо кхобуш елахь, Оьрсийчоьно хьул деш а дац, ша Асадна герз а, кхин долу гIо а латтош хилар. Путин Владимирс шен къамелехь а хьахийра и хьал.

Путин: „Сан боккха ларам бу сайн коллегашка, Iамеркерчу президенте, Францерчу президенте а. Амма уьш, суна хаарехь а, суна хетарехь а, Шема республикан бахархой бац. Цундела тамаша бу, цара кхечу пачхьалкхан куьйгалхойн кхоллам билгалбаккхарехь дакъалаца дагIахь. Иза, мухха дийцича а, шайн шемахойн гIуллакх ду.“

Обамин а, Путинан а цхьаьнакхетар шен тидамехь латтош хилла волчу Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахочунна, политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, тамашийна дац шина президентан дагавдоларш цкъачунна жамIа доцуш дисар. ХIунда аьлча цу шиммо Украинехь а, Гергарчу Малхбалехь а къуйсуш ерг цу регионашкахь дола даран бакъо ю, шиннан амбицеш вуно лакхара а ю.

Асхабов: „Iамерка ша куьйгалла а деш, дуьненан массо а ницкъаш вовшах а тоьхна, Исламан пачхьалкъе олучу тобанна тIеIаткъам бан, иза эшон ницкъ гулбеш ю, Оьрсийчоь а цу юккъе йогIийла лууш бу уьш. Ткъа Оьрсийчоь ша коьртехь а йолуш, ГIажарийчоь а, кхин йолу цу регионера пачхьалкхаш а декъа а йолуш, Цхьаьнатоьхна Штаташ цу юккъехь а йоцуш, цу тобанна дуьхьал а яьлла, цуьнгара шайна болу кхерам юхатоха лууш ю“.

Цу юкъана шинари дийнахь дуьненан хаамийн гIирсаш толлуш бу, шина президентан ша - башхачу дуэлехь тоьлларг-эшнарг мила вара бохург. Дукхахболчу тергамхоша а, журналисташа а билгалдоккху, Обама Баракъ шен къамелехь шогох вистхилар, ткъа Оьрсийчоьнан президент цкъа мукъане а Оьрсийчоьнан коьрта дуьхьалонча ларалучу Цхьаьтоьхначу Штатийн цIе а ца хьахош, мелхо а, шен къамелехь кIеда а, ма-дарра ца дуьйцуш, цуо гуонаш дахар а.

Форбс журнало шен артиклехь, масала, яздо, Путинан эшам цIена а, гаррехь а бара бохуш, ткъа Гардиан газетано билгалдаьккхира, хIинцалца схьа вуно кIоршаме вистхуьлуш хиллачу Оьрсийчоьнан президентан къамел хIинца цIеххьана цхьа тамашийна машаре хилар.

XS
SM
MD
LG