ТIекхочийла долу линкаш

Махкахь шуьйра даьржина хIума ду, низамаца мел догIуш дацахь а, маьхькIамхоша барта деш долу омранаш дахаре дерзор. Цу могIарера ду Iедалхой мел хуьлчу синкъерамечу меттигашка а, кхечу гуламашка а "шайн лаамехь" хьовсархой кхийлар.

Нохчийн халкъан барта кхолларалла карлайоккхуш,туьйранашкахь бен хила тарлуш доцучу инзаречу Iаламатех тера детталуш хIумнаш тергалло каррчу хенахь Нохчийчохь.

Масала кхузарчу ишколашна, бух болуш а боцуш а дечу тIедахкарша, хьалха хIитточу церан доцчу декхарша дагадоуьйту «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон" илли.

Хууш ма-хиллара иза дIадолало юьртара тхьамданаш дIа а гулбина, эла Мусостас тIехь йоцу ясакх охьайилла уьш декхаре барца. Ша бакъоне воьхуш, шега леткъамаш бича, цо мухIар тухуш санна чIагIдо: "...Аша сиха схьалолаш тIехь йоцу ва ясакх. Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла, ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла».

Цу кеппара тIехь йоцу ясакх охьайилла декхарийла беш бу тахана нохчийн хьехархой а. Тамашениг ду царна шайна а шаьш токхамаш бан декхарийла беш ерг хIун хьукхмат –урхалла, министаралла ю цахаар.

Цхьаболучара хьехархойн вуьшта а декъазчу алапех коржамаш йохург оьздаллин министаралла лору, кхечара дешаран а, Iилманан а, вукхарна Iедалан пурбанций бен леладойла яц боху цу кепара тIехь йоцу "ял" яккхар.

Мухха делахь а лакхара барта охьадаийтина омра-тIедиллар бахьанехь йоккха гIовгIа яьлла нохчийн лахарчу доьшийлашкахь. Дешархошна, хьехархошна луург хьесапе а ца оьцуш, уьш эцар а, цирке бахар а тIедожош дIасадекъна бIеннашкахь билеташ.

Хьехархой холча хIитториг ду уьш механа вуно деза хилар- 1 билетах 600 сом мах болуш. Ишколийн йоккха-жималлин барамашка хьаьжжа дIасадекъна билеташ.

80 билет кхаьчна доьшийлаш а ю, 100 кхаьчнарш а, 150-200 кхаьчнарш а ю. Хьехархошна и гIуллакх сел халонга далар бахьна ду, таро йолу дешархой дукха цахиларна и токхамаш цара шайн бан безаш нисдалар.

И керла юкъадаьккхина «тIехь йоцу ясакх» охьайиллийтар шуьйра дийцаре деш ду тахана массо бохург санна ишколашкахь. Цунна тоьшалла ду цхьана Соьлж-ГIалин ишколехь хилла хIара къамелаш а.

Хьехархой, хьере хиллал холча а хIуьттуш, хеттаршка буьйлу мичара, хьаьнгара дала деза циркана хьажо ахча бохуш.

ХIора шарна а, хьенан аьллар, лаам кхочушбо а ца хууш, охьадохкуьйту ахчанаш, тIекхетахь бен лахлуш дац хьехархоша дийцарехь. Цунах дуьйцуш ю цхьана кIоштера лахарчу классан хьехархо Макка а.

Макка: «Цхьа сагIа а доцуш, стенна сецадо а, мича хьажадо а ца хууш, хIоразза аа, сих-сиха охьадохку ахчанаш кIорда-м дина. Лаахь а, ца лаахь охьа-м дуьллуьйту. 107 билет даийтина тхуна. ХIинца оха хьехархоша царах охьадилла деза-кх хIораммо а 1.600 сом ахчанаш. Берийн дан ма дац. И дилла деза, кхин даийтахь, кхин а дилла деза. Футболана оха ло ахча, кхечунна а ло мел тхаьш гIур дацахь а…»

Хьехархоша шаьш даре а деш кхузахь ламаст а хилла чIагIделла лоьраш а, хьехархой а, кхиболу Iедалан белхахой а шайн чоьтах хьовсархой мел оьшучу, тайп-тайпанчу самукънечу меттигашка а, спортан къийсадаларшка а, гулам-цхьаьнакхетаршка а хьежор.

Массара а дийцарехь Iаткъам бийриг ду хIора шарахь, бертахь а, бертаза а бойту токхамаш алсамбовлахь бен, лахлуш цахилар

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG