ТIекхочийла долу линкаш

Кхушара Соьлжа-ГIаларчу 28 ураман цIе хийцина цигарчу Iедало бечу хаамца. Хийцича а, иттанаш эзарнаш урамаш дуьсу коммунистийн а, советийн а, цIечу байракхийн а цIерш лелош.

Соьлжа-ГIалахь урамийн цIераш хуьйцуш ю аьлла, гIарадаьккхича, цхьацца хаамийн гIирсаша иза айдина, коммунистийн Iедалан цIераш дIайохуш ю аьлла.

ДIаяьхча а, иттанаш, эзарнаш урамаш ду бухахьюьсуш коммунистийн а, советийн а, цIечу байракхийн а, иштта кхин дIа а цIераш йолуш. Цундела, олийла дац леррина коммунистийн Iедалца уьйр ерш дIайохуш ю аьлла.

ГIала юккъахь болчу урамийн цIераш хийцина: Чернышевского хIинца Гайрбеков Муслиман цIарх бу. Люксембург Розин цIарх лаьттинчу урамо хIинца Орзамиев Хьамзатан цIе лелайо.

И 23 шо долу полисхо вийнера цигахь хиллачу эккхарехь. Пионерская урам Абдурахманов Дукхвахийн цIе лелош бу хIинца.

Первомаский ураман тоххарехь тиллина Митаев Iелийн цIе ю.

Хмельницкийн ураман цIе Айдамиров Абузаран цIе тиллина ю.

Багаев Дэгийн, массийта шо хьалха цIе лелош болу урам а хийцина. Иза хIинца Ахьмад Арсланан цIе лелош бу.

Муьлхачу меттехь, керла деанчу Iедало, урамийн цIераш, шайна хетачу турпалхойн цIераш техкар, даиманна схьадогIуш ду аьлла, Маршо Радиога дийцира Соьлж-ГIалийн вахархочо Абубакаров Лемас.

Абубакаров: «Соьлж-ГIалахь урамаш хуьйцу дуккха а хан ю. Совета Iедал деачу дуьйна, коммунистийн партийн а, чекистийн а, революционерийн а цIерш тоьхкура. ХIинца а тоьхку ницкъаллийн структурийн белхахойн цIераш. Дудаев веанчу хенахь а хийцира урамийн цIераш».

Урамийн цIераш техкар а, уьш ийцарх а цецвала хIума дац, амма, тахана а шортта урамаш бисина, аьлла хета Абубакаров Лемина, тоххарехь цIерш дIаяха безаш болу урамаш. Масалаш а далийра цо.

Абубакаров: «Нахана, кхин хIума дацахь а, цIе хийцича, юх-юха а документийн цIераш хуьйцуш хIума лело деза. Чекистийн а, революционерийн а цIераш юккъера дIаяхар-м вуон дацара. Нахана дика дина а бац уьш. Изза Тухачевский а, Люксембург а, Цеткин а, маймалах адам схьадаьлла аьлла волу Дарвин а.

Заводан урамехь Ермоловн урам бу. Иза а хIунда ца хуьйцу а ца хаьа. Иза муха бисина а ца хаьа. Албогачиевн урам бу. Вай цIера дохучу хенахь БеринатIе къамелаш кхьоьхьуш хилла ву иза, вай цIера дахийта. Иштта хийца езаш цIераш яра-кх кхин а».

Урамийн цIераш хуьйцучу хенахь бахархошна хуьлуш йолу халонаш тидаме ца оьцу и болх бечу хенахь. Меттигаш ю, цIе тилларах хазахетар а, бухарниг хийцина аьлча халахетар а, цхьатерра долу. Цуьнах дуьйцу нохчийн журналиста Лакаева Залинас.

Лакаева: «Ураман керла цIераш тоьхкуш, хIора дийнахь уьш хуьйцуш а долуш, дIасалела хала хуьлу. Бакъду, нахана цатам болуш цIераш тоьхкуш а хуьлу. Трошевн урам схьаоьцу вай.

Масала, Багаев Дегин цIарх урам бара вайн. Иза дIа а баьккхина, Урданехь кхелхинчу нохчийн инарлийн цIе тиллира. Хийцича а мегар долчу урамийн цIерш тиллар, мегар долуш хIума дара, амма, Трошевн цIарах урам хийцинехьарий бакъахьа дара.

Багаев Дегин цIе вайга хаьттинехьара, хуьйцур а яцара. Вайн мохк а, къам а дуьненахь цIе а йоккхуьйтуш леллачу нехан цIе тилла а тиллина, юха иза дIаяьккхар а, вайн историна а, къомана а цхьа атта хеташ санна хета. Урамийн цIе хийца, стагера доккха бахьана даьлла хила деза».

Урамийн цIераш хийцича йоккха хало хуьлу почтийн белхахошна. Цундела цара тидамехь латтайо, бухахь хилларг а, керланиг а цIерш.

2004 шарахь Соьлж-ГIалин коьртачу урамна Ленинан проспектна Кадыровн цIе тиллира. Ткъа Толаман проспектна Путинан тиллира.

Мел бух болуш ду ца хаьа, амма, кестолгIа ДНР а, ЛНР а, цIераш техка мегаш ю Соьлж-ГIалийн урамийн.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG