ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн кеманаша бомбанаш йиттина Шемахь


Си-Эн-Эн телекомпанига Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн лаккхарчу векало хаам барехь, Кремло хаийтина Вашингтоне шен кеманаша «Исламан пачхьалкх» тобан куьпанна ша бомбанаш йиттина хиларх, амма билгал ца яьккхинера кеманаша тохардина меттиг. Iамеркан къайлахчу сервисан хаамашца, масех де а дара оьрсийн кеманаш Шемина тIехула хьийза, тохарш дан меттиг билгалйоккхуш. Латакия гIаларчу тIеман базехь лаьтта Оьрсийчоьнан тIеман Су-34 кеманаш а, 600 эскархо а.

Кхаарийдинахь Дамаско чIагIдира, Шемин президента Асад Башара Оьрсийчоьнан перзиденте Путин Владимире гIо дехна хиларх лаьцна. Тохарш Путина шена Федерацин Кхеташоно иза дан бакъояларцана дайтина. Кеманаша ХIомс гIалина кхаарийдийнахь бомбанаш тоьхна, лаххара а 27 маьрша вахархо вийна, аьлла, хаам баржийна Лондонехь куп тоьхначу шемахойн бакъоларъяран юкъаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG