ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кундуз гIала юхаерзо вовшахдетташ ду эскарш


ТIалибаша оршотдийнахь шайгара дIаяьккхина Кундуз гIала тIамца юхаерзон вовшахдеттало ОвхIанистанан эскарш. Операци шинарийдийнахь йолор ю инарлаша, цкъачунна вовшах ца кхетта Iедалан ницкъ. Кхаа дийнан тIемаша кIадвина 5 эзар салти лаьтта Кундузерчу аэропортехь, шайна керла ницкъаш луларчу БагIланера тIекхаре хьоьжуш, аьлла бу хаамаш. Оцу юкъанна Iамеркан Штатийн инарлас Трибус Брайана хаийтина шайн кеманаша тIалибашна тохар дина хиларх лаьцна.

ОвхIанистанан парламенто президент Ашраф ГIани декхаревина сихха тIалибашкара Кундуз схьаяккха. 200I-чу шарахь дуьйна схьа оццул йоккха гIала караэцна яцара тIемашца тIалибаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG