ТIекхочийла долу линкаш

Герзех мукъабовла барт хилла Киевн а, Кремлан а


Донбассера сепаратисташ резахилла дезачу герзех мукъабовла. И барт хилла Киев а, Москох а, Евробарт а дийцарийн декъахь а йолуш. Танканаш, кхийолу кхераме техника тIеман дозаннна юьстахйохур ю шаьш, аьлла Украинан ТIеман министралло а, Донбассерчу гIаттамхойн лидерша а. Берта къамелашкахь дакъалаьцначу Оьрсийчоьнан векало Кулмухаметов Азамата элира журналисташка, «оцу документо некъ боккху баккъал а машар хIоттог Донбассехь».

Европан кхерамзаллехула а, юкъарлонашкахула а йолчу организацин векална Сайдик Мартинна а хета хилла барт машаре берзан таро олуш бу аьлла. 40 де ду агIонашна даккхий герзаш дозанашкара юхадаха а, тIемаш буьззина совцон а.

XS
SM
MD
LG