ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашас йиша йийна Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалара 23 шо долу вахархо кхеле озийна Талламан комитето. Цунна бехкедиллина шен жимахъйолу йиша ер. 20 шо долу цуьнан йиша урс диттина чевнашца карийнера Октябрьск кIоштерчу цхьана юьстахчу цIа чохь.

Бахьана йоI нохчийн гIиллакхех йоьхна, доьзалан сий ца лардар хила а мега, аьлла хета Талламан комитетан белхахочунна. Вашас зулам дина хилар тIечIагIдахь набахтехь яккха 15 шо хан кхачор ю кхело цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG