ТIекхочийла долу линкаш

Йоллу Европа ДаIиш тобанан, Асад Башаран эскарийн къизаллех бевдда оьхучу шемахойх юьзнехь а, нохчашна юккъехь карабо хIинца а Шема кхача а, ДаIишах дIакхета а лууш берш. Кху деношкахь Австрехь кхеле озийна ши йоI- кхиазхо, скайпехула ДаIишерчу тIемлошка маре а яхана,

Лоцучу хенахь I5-ий, I6-тий шо долу нохчийн къомах йолу ши йоI Грацерчу кхелехь дов хатта ялийнера, и шиъ интернетехула Шемарчу ДаIиш тобанера террорхошца зIене а юьйлуш, цаьрца захалонаш дуьйцуш хиларна гучу а аьлла.

Грац гIалин прокуратурано цу шинна бехке диллина, Австрин низамийн 278 параграфаца догIуш ма-хиллара, „террорхойн тобанехь дакъалаца кечам беш хилар.

Iедало чIагIдарехь, даханчу шарахь цу шина кхиазхочуьнца скайпехула зIене яьлла хиллера Шемахь ДаIиш тобанехь йолу цхьа зуда, ашшимо тIемлошка маренаш дан деза аьлла. „Иза шу декхар ду, Халипатах схьакхетар, тIемлошца марелаш а дина, исламан Халипат чIагIйарехь дакъалаца“ бохуш дийцинера шина йоIаца зIене яьллачу ДаIишан векало, прокурарора дийцарехь.

Кхин башха шаьшшиъ жима яра-кх я нанас-дадас хIун эр-те бохучунна ойланаш еш къа а ца хьоьгуш, и шиъ а, цаьрца кхин кхо нохчийн къона йоI а реза хилла хилла скайпехула марел а дина, Шема дIаяха.

Кхелан гIентахь Iачу шиннах, цу кепара, цхьаъ Шемарчу тIемалочуьнгахь марех ларалуш яра, ткъа важа йогIур ю аьлла дош делла ларалуш яра. Кхин кхоъ, и тайпа башха захалонаш дина йолу, Iедална шаьш гучудовла дохкийла хиинчул тIаьхьа едда къайлаяьлла ю, Грацерчу Iедалхоша чIагIдарехь, уьш хIинца Интерполехула лохуш а бу.

Кегирхой, шайна юккъехь хIинца бен пхийтара бовланза болу кIентий а, зудбераш а долуш, муха Iехало-те сел маьттаза идеологи а, сел къиза гIулкхаш а долчу тобанан векалех бохучу хаттарна жоп лохуш ву немцойн Фрайбург гIаларчу университетан профессор волу психоаналист Мазарве Гехьад.

Маршо Радионе цо дийцира, уггаре а хьалхарчу декъехь кегирхой террорхойн я муьлхачу а радикалан идеологех Iехабаларан бахьанаш церан доьзалехь лаха деза, аьлла. ХIунда аьлча царех цхьа доккха дакъа шайн дай-нанойх бовдархьама кхеташ бу радикалхойн тобанах дIа. Бусулба дин кхочуш довза а девзина, цунна орцах бевлларш вуно кIеззиг бу аьлла хета цунна.

Мазарве: „Суна хетарехь, бахьана цу жимчу стагна я йоIна шен доьзал ца безар ду. Цу нахехь сел чIогIа цабезам хуьлу шайн доьзалца, царна сел гома хуьлу уггаре а хьалха шайн дай, иза ма-дарра хиъча адам вуно инзар дер долчу агIор.

Австрехь а, Германехь а, массо а меттехь, вайна ма-хаъара, юкъараллехь дискриминацеш хуьлуш хуьлу, иза вайна массарна а хууш ду. Амма цхьа а схьагуш цхьа а бахьана а доцуш, я меца а воцуш я тIедоха- когадоха хIума оьшуш а воцу къона стаг я зуда герзане верзахь, цуьнан орамаш доьзалехь лаха деза. И нах шаьш шайца, шайн синойн кIоргенехь, дов долуш хилар а ду уьш цу кепарчу тобанех дIатухуш дерг.

Ткъа вукхара дуьйцу цу берашка, Делера долу хIумнаш ду кхузахь, бакъйолу исламан идентитет ю кхузахь бохуш. Доьхнарг амма – цига дIакхаьчча массо а хIума кардо царна, исламан идентитет йоцург. Сайна зеделлачух хаа суна – цу тобанех Iехалуш берш шаьш нахал лахархетаран комплекс ерший, шаьш а, шайн дай а бIаьрга бахка ца безаш берший, патриархатан система лоьхуш берший хуьлу.

И бохург ду цара лоьху шайна цхьа кхин керла дада, могуш а волуш, онда а волуш, дас дала хьакъ дерг цунна лур а долуш“.

Грацерчу кхелехь жоьпалле озийна ши кхиазхо муьлхачу бахьанашца Шема яха тохаеллера бохург ала хала ду – доьзалера ядархьама я боккъал а бусулба дин шайн даккхийчу иманашца толон а, чIагIдан а. Цу шиммо шаьшшимо кхин башха шайн мотивацех дукха ца дийцира кхелехь. Ткъа церан адвакато чIагIдора, и шиъ Iехийна бохуш.

Цул совнаха, цуо элира и ши йоI чIогIа Делах тешаш хиларна, марел дина а, Джихадехь дакъалаца лууш хилла, иза террорехь дакъалацар санна лара догIийла царна ца хаар бохуш“.

Бакъду, и тайпа тоьшаллаш тIе ца дитира прокуратурано. Iедалхошна хетарехь, цу шинна дукх дика хууш хилла шаьшшиъ мича яха а, хьанах дIакхета а кечйелла ю.

Шина кхимазхочун телефонаш чохь ДаIишан пропаганда а, къизаллаш а тIехь долу, масала, террорхоша шаьш лаьцна волу стаг дийна волушехь вагош гойту, видеогайтамаш карийна хилар тидаме эцча-м муххале а.

Цундела цу шинах цхьанна I4 бутт, вукхунна I2 бутт набахтехь яккха хан кхайкхина. Цул совнаха, кхин кхаа шарахь церан леламаш тергал бийр бу Iедалан белхахоша, цаьргара хIун долу хьожуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG