ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь яккхий тоьпаш юхаоза тарло


Сепаратисташа герзаш совцадахь, ша шен яккхий тоьпаш юхаузур ю шина денна чохь Донбассана гергара, дIахьедина Украинан Iедало. Киевехь еарийдийнахь оцу хьокъехь дIахьедина тIеман министра Полторак Степана. ДIадахначу шинарийдийнахь Оьрсийчоь а, Украина а, Европан Барт а декъахь а йолуш, Киеван, Донбассерчу гIаттамхойн лидерийн бартхилла тIеман дозанера деза герзаш юхадаха а, тIемаш совцо а. Украинан малхбалехь шарахь сов лаьттинчу тIемаша вийна 8 эзар гергга стаг.

Дуьнено цигахь конфликт яхъяларна бехкейира сепаратисташна тIекарло латтошйолу Оьрсийчоь. Оцу бахьанийца духьалъяьхна экономикан, йохк-эцаран, финансийн санкцеш ю Кремлна дуьхьал болхбеш.

XS
SM
MD
LG