ТIекхочийла долу линкаш

Нохчочун кхел юха а дIатеттина


Нохчочун Темирсултанов Хаважан девнан рогIера ладегIарш хиланза дисина Сочера кхелахойн гIуллакхаш дукха хиларна, хаамбо прессехь. Бутт бовш хир ду ладегIарш. Стохка Сочехь меттигерчу къаночунна Задельников Артурна талор дина аьлла, кхеле озийна, набахтехь латтош ву Темирсултанов Хаважи.

Цо эшамбина аьлла, тоьшалле валийначу пенсионеро Задельниковс бакъ ца до шена зулам динарг Темирсултанов Хаважи хилар. Х1етте а, иза ара ца волуьйтуш, кхело доьазза яхйина Темирсултанов лаьцна латто магош йолу хан. Ша Темирхановс а ца эцна бехк тIе.

XS
SM
MD
LG