ТIекхочийла долу линкаш

Адамийн бакъонаш талхор алсамдаьлла Таджикистанехь


Таджикистанехь бахначу баттахь Iедалан исламхошца лаьттина тIемаш бахьанехь, цигахь адамийн бакъонаш талхор алсамдаьлла, масала, йихкина махкахь Исламан парти, хаамбо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажиршкахула йолчу агенталло. Душенбехь лаьцна кхобу оцу партин 13 хьалханча, уьш бехкебо гIаттам айбинчу мехкан тIеман министран гIовс лаьттинчу, бут хьалха вийначу Назарзода Iабдухьалимца юкъарлонехь Iийна хилар.

Таджикистанан Исламан парти еккъа ша цхьаъ яра ерриг а Юккъерчу Азерчу къаьмнийн а ларалуш, масех пачхьалкхан Iедало магийна а, 1997-чу шарахь Таджикистанера тIом берзош жигара дакъалаьцна а.

XS
SM
MD
LG