ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яхъйина Белялов Рамзан чохь сацоран хан


Товбеца-баттахь Ессентуки гIаларчу кхело Нохчийчуьра вахархо Белялов Рамзан ГIадужу-батте кхаччалц чохь валло сацам бинера. ПIерасканадийна кхин а кхаа батте яхъйина Беляловн чохь сацоран хан, аьлла, хам баржийна цуьнан адвоката.

Мангал-баттахь Iуьйранна балха воьдучура лаьцна дIавигира Ставрополера баьхкинчу полисхоша. ХIетахь дуьйнна Пятигорскерчу набахтехь латтош ву Белялов Рамзан.

Цунна бехкедо 20 шо хьалха, Басаев Шамал коьртехь а волуш, Буденовск гIалина тIелатар динчу тIемалойн могIаршкахь иза хилла хилар. Адвокаташа а, цуьнан гергарчара а, цуьнца цхьаьна Башкортостанехь болх беш хиллачара а тоьшаллаш дарехь, билгалъяьккхинчу хенахь Белялов Рамзан гIишлош еш, йолах болх беш хилла

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG