ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн меттан хьехархо а, байтанча а Цуцаев Iалавди


Поэташлахь шатайпаналлица, адам дезарца, ларарца язъечу байташца билгалволлу Теркйистехь хьехархо волу Цуцаев Iалавди. Бегаш а битина аьлча, исбаьхьаллин дош кхало а, цу дешан мах хууш говзанча а ву Iалавди. Махкахь дукха байтанчаш –хьехархой хир бу аьлла ца хета, шен говзаллех цо санна шатайпа пайдаоьцуш.

ХIинцачул 35 шо хьалха нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллехь исбаьхьаллин дешан кIорге яста буьйлабеллачу яздархойх цхьаъ ву, цIера Хьалха-Мартанара, тахана Новр кIоштехь вехаш волу, хьехархо Цуцаев Iалавди.

Цу хенахь яздина ду цо хIара забаре могIанаш а:

Зудчунна оьшу уллехь майра майра,

Къонахчунна дош долуш дерг дош.

Стенна оьшу этка йоцу айра?

Стенна оьшу кетар йоцу пхьош?

Бегаш а битина аьлча, исбаьхьаллин дош кхало а, цу дешан мах хууш говзанча а ву Iалавди. Махкахь дукха байтанчаш –хьехархой хир бу аьлла ца хета, шен говзаллех цо санна шатайпа пайдаоьцуш.

Ша хьехархо хиларе терра Iалавдис «башхачу» кепе- байташка дерзина вайнехан фольклорехь тоьллачех цхьа жанр ларалуш долу кицанаш а. Цуцаев Iалавдис юкъ-кара байт а йоьшуш ишта къамел нисделла тхойшиннан литературах а, нохчийн маттах а.

Iалавди: «Со берашца болх беш хиларе терра, кицанаш берийн кхетаме дIакхача атта хилийта а яздина ас хIара могIанаш, кицанийн маьIнаш даста а гIуртуш. «Сов доцу совцIа».

Карахь дерг вайн тоьлу олу, геннара гуш хьоьгучулла.

Тоьлу сатедина къоьлла. Хьан боцчу цу бахамал.

Кхин дIа а хьехамаш шорта: ца доьху дика ма луо,

Ма бехка ца лозу корта, Къахьега. Мало-хало.

Сихалло даьккхина са а, Собаро баьккхина лам-

И дерриг оьшуш ду хаа.Оьшуш ду, оьшуш ду, амма,

Собарца садетта Iемаш, тIех ца ваьлча нохчи ца Iа:

Лаца ца лоцуьйту ден маж- лаьйча ца хоьцуьйту дIа…

Iалавди : «ГIиллакхан мехаллаш. Адамашна юкъахь лелачу гIиллакхо мел меттиг дIалоц. И цахиларо мел эшам бо. Хилча мел хаза ду иза. Дахаран мехалла цо мел лакхайоккху.ТIекхуьуш болчеран тидам тIебахийта и чIагIдан гIиртина со кху байтехь.

ГIиллакхо латтадеш меттехь Схьадеъна вайн нохчийн къам.

ГIиллакхца,собарца бертахь Баьккхина халонийн лам.

Эшаеш муьлхха а хало, Къизачу баранех чекх

Долуш, схьадеъначу халкъо лардийр ду къоман эхь-бехк…

Ларйийр ю къоман оьздалла, садоккхуш доьналла,яхь.

Коьртаниг лоруш адмалла,дахаран ирсан шуьнехь.

Оьздалла,гIиллакх ду коьрта- Къоман юьхь схьагойту цуо.

Вайн къоман юьхь ларьян гIорта: Къам хаздо шен гIиллакхо…

Маршо Радио: Стенна бу, хьуна гергахь, тахана ненан мотт эшамехь? Стенца дузу ахь иза ледара бацабар?

Iалавди: «Нанан маттаца йолу юкъаметтиг чIогIа чолхе ю тахана. И аттачу йолуш ян а яц ша тIаьхь-тIаьхьа чолхе ца ялахь. Цхьана агIор хазачу лозунгашца кхайкхош бу, иллеш боху,амма ишколашкахь дуьйна схьа нохчийн меттан беш лерамма-м бац.

Халкъалахь тIаьхь-тIаьхьа дукха карабо цуьнца уьйр йоцу нах. Цо лов халонаш дагахь а йолуш яздина ас хIара «Ненан мотт» аьлла могIанаш..»

Iамо а оьший –те? Ткъа эшахь мел?

Хийла а йина вайн меттан кхел.

Цхьанхьа а меттиг бац юьхьIаьржахIотта,

КIант велахь дика хууш шен ненан мотт.

Хир ву и дIакхехьа Шен къоман яхь.

Шен къоман маттаца уьйр лелаяхь….»

Суна хIетал-метал хилла уггар хьалха мила ву те Цуцаев Iалавди бохучу хаттарх байтанча я нохчийн меттан а литературан а хьехархо? Жоп муха делахь а цхьаъ-м ду бакъ, иза дика ларало цу шина декъехь.

XS
SM
MD
LG