ТIекхочийла долу линкаш

Кеманаша етта Кундузехь


“Доза доцу лоьраш” юкъаралло хаамбина, шен Кундузера дарбан цIа дохийна, 9 белхахо вийна, 37 лазийна шоьтан буса тIелеттачу кеманаша, аьлла. “Тхо эгIийна динчу тIелатаро, цомгушнаш а, накъостийн а тхайн байаро, Кундузера лоьрийн хьал дохорна” – бохуш ду лоьрийн юкъаралло дина дIахьедар. “Доза доцчу лоьрийн” векало бахарехь, буса сахиллалц тIемаш лаьттина Кундуз дIалаьцначу тIалибашний, уьш юхабаха гIертачу ОвхIанистанан эскарний юкъахь, Iамеркан кеманаша Iедалан ницкъашна гIо а деш.

Атлантикан альянсан (НАТО) агIоно даредина шен кеманаш дакъалоцуш хиллийла тIамехь, тарло уьш галдевлла хила а аьлла. Бохам толлуш ю НАТО а, Кабулера куьйгалхой а.

XS
SM
MD
LG