ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь севцца тIематийсадаларш


КIира хьалха хилла барт кхочушбеш, Донбассан дозанашкара шайн-шайн деза герзаш юхадаха долийна Киево а, оьрсийн сепаратисташа а. Доккхачу декъанна севцца тIематийсадаларш. Иза бакъдо шина а агIоно. Президента Порошенко Петрос шен агIоно и болх дIахьош а бу, чекхбаккха 41 де а оьшу, элира шоьтадийнахь. Деза герзаш дIасадахаро тIом чекхбалар гойтий, аьлла, динчу хаттарна жоп луш Порошенкос элира, “иза тIамехь барт карор ду, ткъа тIом бирзина лорур бу Украинан лаьттан тIаьххьара дакъа а цIадирзича”.

И къамел Порошенкос дира Парижехь шоьтадийнахь, Оьрсийчоьнан, Францин, Германин, Украинан саммит йоьрзуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG