ТIекхочийла долу линкаш

Байинчу «доза доцчу лоьрийн» хьокъехь


Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин инарла секретара Пан Ки Муна бехкбаьккхина кеманашца ОвхIанистанерчу «Доза доцу лоьраш» юкъараллин дарбанан цIенна тохарш дарна, цо кхойкху кхоччуш талламбар оцу хьокъехь. Пан Ки Муна хьакъдоллу кхел яре кхойкху хиллачу бохамца доьзна.

Зорбано хаамбарехь, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ къерахилла, ОвхIанистанан Iедалшна хьалха шайна гечдар а дехна Кундузерчу дарбанан цIенна авиатохарш дарна. «Доза доцу лоьраш» юкъаралло бахарехь, байинчийн терахь 19-нне хьаладаьлла. Царалахь 12 дарбанан цIийнан белхахо ву, кхо бер, виъ дархо. Лазийнарш 37 стаг ву.

«Доза доцу лоьраш» тешна бу, Iамеркан а, ОвхIанистанан а тIеман эскаршна шайн координаташ дика хууш а яра, тохар шаьш Iалашоне а лаьцна, хьажийна дина хилла хиларх, Цара чIагIдарехь, кеманаша тохарш динчул тIаьхьа, кхин а сахьтехь, деттачуьра ца совцийна герзаш.​

XS
SM
MD
LG