ТIекхочийла долу линкаш

Миллионашкахь совбохур бу мухIажирш


Туркойчоьно Европан Берте дIахьедина, Шемахь долчу тIе а телхаш лаьттачу тIеман хьоло миллионашкахь совбохур бу мигранташ, аьлла. Страсбургехь Европан парламентехь къамелдеш, туркошкара хаам кхидIа а бовзуьйтуш Евробертан президента Туск Доналда бохура, еккъа цхьана Алеппо гIалара кхо миллион вахархо тарло мухIажир вала.

«Мигранташа лоцуш лаьттачу Европан гIайгIа цахьана декъанна шайна а тIеэца кечбелларш кIезиг бу, Евробертан дозанера цхьаберш баккхий а бе вайгарчу халчу хьолах», элира Туска.

2011-чу шарахь болабеллачу Шемарчу тIамехь хIаллакьхилла 250 эзар стаг, миллионаш нах бевдда юьстахбевлла тIамах. Европарламенто, Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп а хила веза шайн махках чекх а буьйлуш уьдучу мигрантийн олйлаеш, бохура шен Страсбургерчу гуламехь шинарийдийнахь.

XS
SM
MD
LG