ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирех къахетарш гулбеллера Венехь


ХIинцалца схьа Австрин доза а хадийна, тIебаьхкинчу мухIажарийн терахь I00 эзар сов ду. I00 эзар сов меттигера бахархой а бевллера Венин юккъехь Iуьллучу Турпалхойн майдане, мухIажаршка марша догIийла ала а, меттигерчу аьтто-радикалхойн партига цунна хетарг чекхдег доцийла хаийта а.

БIе эзар сов адам цхьана дийнахь цхьана меттехь гулдала бахьана наггахь бен ца долу мел яккхийчу гIаланашкахь а. Ткъа дуьненан коьртачу шахьаршна юккъехь цхьа йоккхо кIотар санна ларалучу Венехь бIе эзар сов стаг цхьана майданахь гулвелча, дегIе зуз догIу хьал хIутту. И адамаш стенна гулделла ду бохург хууш хилча-м муххале а.

Ткъа гулбелла бара дуьненчохь уггаре а Iер-вахарна аьхноха йолу гIала санна кху тIаьхьарчу иттех шарахь хьалхара меттиг йоккхуш йолчу Венин бахархой мухIажаршка марша догIийла ала. Австрин урхалле тIеоьхучу мигранташца адамаллин политика лелайе ала. Меттигерчу аьтто-радикалан партига а, цуьнан агIончашка а, мухIарийн баланех шайн политикан капитал ян гIертачу, шуна моьттург чекхдер дац ала.

“Voices for Refugees” цIе еллера и болам вовшахтоьхначара шайн акцина, нохчийн маттахь аьлча МухIажаршкахьа аьзнаш“. Цкъа хьалха масех сохьтана митинг а, цул тIаьхьа дуьненчохь бевзаш болчу йишлакхархоша а, мукъамчийн тобанаша а дакъалоцу концерт а хIотторца тIаьхьарчу ткъо сов шарахь Австрехь ца хиллачу кепара йоккха акци вовшахтоха кадаьллера церан.

Нагахь санна и суьйре вовшахтоьхначу Фолксхилфе цIе йолчу юкъараллин цхьаьнакхетаро шайн акцехь I00 эзар стаго дакъалаца там бу аьлла хьалхехьо Iедалхошка хаам бина хиллехь, делкъал тIаьхьа митинг йолалучу хенахь, полисхойн хаамца, 60 эзар стаг веанера. Ткъа цул тIаьхьа хIора сохьтехь иттанаш эзарнашкахь лакхадолуш хилла и терахь акци дIаерзале I20 сов стаге делира, официала Венерчу полисхойн урхалло бинчу хаамца.

Ткъа цуьнца цхьаьна аьрро партийн агIончаша Венерчу цхьана кхечу майданахь, Мариенхилфеплатцехь, кхин цхьаъ мухIажаршка гIодаккхаран акцехь 20 эзар стаг вовшахтоьхна хилар лерича, нисло цхьаъ бен доцучу дийнахь мухIажаршца шайн солидаралла гайта I50 эзар стаг цхьана Венехь араваьлла.

Хилам дIахьочу Венин Турпалхойн майданахь адам дукха гулдаларна сарахь 9 сахьт даьллачул тIаьхьа кхин стаг чуцавуьтуш пен бина дуьхьал хIотта дийзира полисхойн.

Акцехь дакъалоцучарех аьлча, трибуни тIехь вистхилира Австрин президент Фишер ХIайнц а, Volkshilfe цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Феннингер Ерих а, уггаре а бевзачех немцойн а, италхойн а, австрихойн артисташ а, журналисташ а, исбаьхьалхой а, спортхой а.

И цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу Volkshilfe юкъараллин белхахочуо Ал Мусни Силияс Маршо радиога дийцира, кху беттанашкахь могIарерчу австрихоша тIеохучу нахана латтош долу гIо дийцина ца валлал доккха ду, цундела и акци вовшахтухуш шайна вуно мехала дара массо а цу декъа волчу меттигера вахархочунна даггара баркалла алар, бохуш.

Ал Мусни: „Со кхуза тахана сайгара а массарна а баркалла ала еана ю – массо а гIоьнна декъа болчу нахана. ХIаупбанхофехь а, Вестбанхофехь а, Никелсдорфехь а белхаш бина оха. МА дукха адам ду цигахь массанхьа а, схьаоьхучу мигранташна гIо деш, вуно чIогIа къахьоьгуш. Царна а ма догIу вайгара массаьргара а даггара баркалла. Иза царна алар мехала ду“.

Масех бIе мухIажар а вара акцехь дакъа лоцуш. Кхо бутт хьалха Австре кхаьчна волу Шемарчу Димашкера Iумар цIе йолчу I9 шо долчу мухIажаро, хIинцале а вуно дика немцойн мотт Iамийначу, дийцира Маршо радионе шен сатийсамех лаьцна а, австрихоша шена динчу гIоьнах лаьцна а.

МухIажир Iумар: „Австрино деш дерг доккха гIо ду, дуккхаъ а гIо а ду. ЧIога дика ду иза. Амма со Iарбойн пачхьалкхашка хьоьжу, цара массо а дозанаш дIакъевлина, гIо ца до. Ткъа Австриной, кхечу Европерчу пачхьалкхаший мухIажаршна гIо до. Мел дика ду иза. Ас сатуьйсу, Австрехь даима а массо а хIума дика хиларе.

Ткъа ишта ас сатуьйсу, сайн махкара тIом дIа а баьлла, тхо мухIажарш массо а тхайн Даймахка цIадаха йиш хиларе. Суна Австри дукха еза, амма суна иштта сайн Даймохк а беза, цигахь ду сан дахар. Ткъа иштта сатуьйсу ас дика немцойн мотт а Iамийна, сихха балха ваха. Суна ца лаьа, деш хIумма а доцуш, чохь Iе, иза дика дац“.

МухIажаршца солидаралла гойтучу суьйренан хьешашна юккъехь дуьненна а вевзаш волу Италера иллиалархо Цуккеро а вара. Ткъа иштта Германера „Тотен ХIозе“ рок-иллиалархойн тоба а. Цу тобин солист волчу Кампинос шайн уггаре а шуьйра евзаш йолу хит „ХIара санна долчу деношкахь цIе йолу“ ша лакхале хьалха элира венахошка, цу гIалано дозалла дан мегар ду иштта дика адамаш шена чохь дехаш хиларна аьлла.

Европехь хIара санна йоккха акци аш дуьххьара еш ю элира цуо, амма иза тIаьххьара хилийта мегар дац, кхечу пачхьалкхаш а масала эца деза шух аьлла. Ткъа австрихойн мухIажаршца гомачу аьтточу партин куьйгалхочуьнга Штрахега хьажийна цуо элира, хIинцачул тIаьхьа кхин цкъа а шен эшарш шайн партин гуламашкахь аш лекхнийла хаахь, ша могуьйтур дац аьлла. „Хьо санначу нахана язйина яц и йиш“ - элира Кампинос.

Rally in Austria, 2015
Rally in Austria, 2015

Ткъа суьйре дIайирзира „ХIара санначу деношкахь“ цIе йолу Тотен ХIозе тобан йиш цара локхуш бIе эзар сов акцин декъашхоша чIурамаш а, чиркхаш а латийна, серлонийн хIорда Венин коьртачу майданна тIехула баьржаш санна сурт хIотторца.

XS
SM
MD
LG