ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн къоман цIарх декъалвина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир винчу денца. «Сан къомо доза доцуш доккха баркалла олу цунна, цо Къилбаседа Кавказехь Даймехкан мостагIий эшорна» - боху Кадыровс шен Инстаграмин агIонтIехь.

Оцу дIахьедарх ладогIархошна хетачух дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шу реза дуй Кадыров Рамзанан ойланца. Вуй Путин Владимир нохчийн а, кхечу кавказхойн а мостагIий эшийна турпал-президент, я мелхо а къаьмнаш дакъаза даьхна куьйгалхо ву иза?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG