ТIекхочийла долу линкаш

Историн бос гойтуш ду цхьа хIума. Путин Владимир винчу денца деана Оьрсийчохь цхьана а адамах, цхьана а политиках, хьаькамийн къизаллах ца кхоьруш яьхна журналист Политковская Анна йина де. Стенна деана и де цхьаьна? Стенна? Жоп хаттаро хенан йохалла а лоьхур ду, Политковская адамна дага мел йогIу.

ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь вина де ду I5 шарахь Оьрсийчоьнан куьйгаллехь лаьттачу Путин Владимиран.

Амма тхан къамел дац цуьнах лаьцна, и декъалварца.

Тахана кхин цхьа терахь ду дуьнено билгалдоккхуш, Политковская Анна йийна 9 шо кхачар.

Мила яра иза? Дера яра дуьненна а евзаш дешан говзанча, бакъдерг луьра дIаолуш хьангга а, харцонца къийсам латтош, мискачу нехан бакъонаш ларяърехь шен са а ца кхоийнарг.

Иштта жоп хеза Политковская уллера евзаш, тахана а иза дагахь мел йолучаьргара.

48 шо дара журналистан Политковская Аннин герз тоьхна йийна карийча, ша ехачу цIийнан лифта чохь.

Хиллачу кхело иза ер дуьйзира, цо дуккха а шерашкахь Нохчийчоьхь тIом боьдуш, сецначул тIаьхьа а лелла харцонаш дуьненна гучуяхарца.

2014-чу шарахь Москохан кхело Политсковская Анна ерца пхи стаг бехк тIебилларца кхеле озийра. Церан могIарера куьгбехкечарна Гайтукаев Лом-Iелина а, цуьнан йишин кIантана Махмудов Рустамна а белла дIабовллалц набахтехь такха хенаш туьйхира.

Зуламна декъахь леринчу вежаршна МахмудовгIарна, ИбрахIимний, Джабраилний, милцо лаьттинчу Хаджикурбанов Сергейний I2, I4, 20 шераш хан кхайкхийра набахтехь яккха.

Цул совнаха, кхело 5 миллион сом Оьрсийн Iедале охьадиллийтира Политковская Аннин доьзална хIетахь.

Амма цуьнан доьзал, гергарнаш, белхан накъостий бац цуьнах тоам хилла Iаш, тахана а дIахьедо цара, журналист ен кхачийнарш карийна а, я жоьпе озийна а цахиларо, синтем ца бохьу шайга, бохуш.

Политковский Ильяса, Аннин кIанта, «Интерфакс» агенталле кхаарийдийнахь еллачу интервьюхь элира, ша реза вац, шен нана еран гIуллакх таллам боцуш дитарна.

Шен нанан гIуллакх толлуш хилла Гарибян Петрос шен лаамехь даржера дIаваьлла, мила ву хIинца и гIуллакх луьстуш аьлла, Талламан комитете дахьийтинчу сан кехатна дуьхьал даийтинчу жоьпа тIехь боху, шаьш декхарийла дац керлачу тобанан декъашхойн цIераш хьуна йовзийта.

Схьагарехь, хьан ейтина Политковская Анна хаттар жоп доцуш дуьсу.

Делахь а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто хIора шарахь а санна, кху шара а бо кхайкхам Оьрсийчоьне, Политковская Анна ейтийтинарш жоьпе а озийна, царна догIу таIзар доьхуш.

ХIара 9-гIа шо ду оьрсийн дуьненна а гIараяьллачу догмайрачу журналистан Политковская Аннин цIарах юкъадаьккхина ахчанан совгIат адамийн бакъонаш ларъярехь доьналлица билгабовлучу зударшна луш долу.

Кху шарахь и деза совгIат дала сацам бира дуьненаюкъарчу йозуш йоцчу юкъаралло Шемарчу журналистна Валид Холудна дала.

Оьрсийчохь а дагалоьцу тахана Политковская Анна, цо болх бинчу «Керла газета» редакцехь, амма бац иза дагалацаман гуламаш Соьлжа-ГIалахь.

Бац, нохчийн къомана ша дийна йолуш дуккха а орцахйийлина иза йоллушехь.

Дагалоцу Маршо Радионо а Политковская Анница хилла къамел.

Нохчийчохь цхьаболучара бакъво Кадыров Рамзан, цо адамашкахь латто харцо, къизалла гушшехь. ТIеман шерашкахь дайна нохчалла меттахIотто деза бохуш, Кадыровс уггар хьалха зударшка коьрта йовлакхаш тахкийтина. Хьуна хIун аьлла хета, йовлакхаштIера хIунда волавелла иза аьлла, шега деллачу хаттарна жоп луш ю Политковская Анна.

Политковская: «ХIунда аьлча, цунна кхин башха хууш хIума а ма дац. Цунна хаьа зудчун коьртахь йовлакх хиларо цуьнан оьздангалла гойтийла. Суна хетарехь, цуьнан Iилма а, дешар а, хаарш а, доьзалехь кхиоро а хоьтуьйту цунна, зудчан коьртахь йовлакх хиларо нисдо дерриг, аьлла.

Бодане къам дигар хета суна оцу суьртехь, оцу бодашкахь латтор а.

Ахь боху дукхахчара къобалъйо Кадыровн политика, суна хета оцу наха харцдерг дуьйцу, аьлла. Со царех ца теша. Суна хаьа церан синхаам муха бу.

Сих-сиха олуш хеза, тхуна хIинца оьшург хIара ду. ХIун? Бода бу вайна оьшург? Серлоне маца кхочур ду?

Цигахь Iаьржа бода бу халкъанна тIехь эра доккхуш, суна хала ду цу хьолаца бертахь яха.

Суна бевза дуккха а нохчий, хьекъале, кIорггера хааршца, бакъ интеллигенцех болу нохчий, соьга даима а олу цара лакхарчу Iедалехь дIатаръелла аьрха Iовдалалла, иза доккха эхь хета шайна, оцу хьелашкахь даха а эхь хета шайна, олий. Со-м алсам теша царех».

Политковская Аннас шен «Путинан Оьрсийчоь» жайнитIехь яздо:

«Суна стенна ца везий Путин? Дера ца веза къоланал а кхераме йолу маршо цуьнан къамелца хиларна. Иза адамах вешаш вацарна. Расист хиларна. Ца кхачало тIом болорна. Пуьташ буттуш хиларна. «Норд-Остера» газ бахьанехь. Бехкбоцчийн декъеш тIехула иза шен хьархарчу президенталле кхачарна. Декъеш, цунна лиинехь, кIезиг хирг хиларна.

Ас кест-кеста ойла йо: ванах адам а дуй-те Путин? Я аьчка, шийла хIоллам бу? Ойла йо, амма ца карабо иза адам ду ала бух».

Ца доьйла а дац и дешнаш хеззаш аьлла долу адам таханлерчу Оьрсийчохь.

Иза хьалхара а яц, я тIаьххьара а яц…

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG