ТIекхочийла долу линкаш

Лаьттахула а тохарш дан дагахь ю Оьрсийчоь Шемахь


Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедина, Таркхойн хIордачуьрчу хинкеманашна тIера дIа Шемарчу «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашна хьовсийна ракеташ тоьхна, аьлла. Путинца къамел деш аьлла цо иза мехкан телевизионашкахула кхаарийдийнахь.

Шемин малхбалерчу декъехьа деа хIордакемантIера хьажийна 26 ракета 1500 километр дIаяхана кхаьчна Iалашоне, бохура Шойгус. И ракеташ муьлхачу мехкийн дозанаш хедош кхиссина Шеманна тIе ца дийцира тIеман буьйранчо. Цкъачунна жамI дийцаредан хьалхе ду, Iамеркан Штаташца а, Туркойчоьнца а, СаIуда Iаьрбийчоьнца а, ГIажарийчоьнца а, Иракъца а барт а латтош, дIабахьа беза и болх, элира Путина Шойгуга телегойтийлашкахула.

Ракеташа а, кеманаша а дечу тохаршца цхьаьна эскарша лаьттахула а дийр ду тохарш, элира Путина. Оьрсийчоьно ракеташ тоьхначул тIаьхьа Шемара Iедалан эскарш еа меттехула гIоьртина «Исламан пачхьалкхан» тобанашна тIелата.

XS
SM
MD
LG