ТIекхочийла долу линкаш

Хьуьн чохь кхерсташ лела цициг делла Iуьллачу лоьмана тIе кхаьчна. Екха хан йолу кIорни хилла цунна юххехь байлахь йисна. И кIорни напгIа тIе а кхоьхьуш кхаьбна цициго. Цунах ницкъ болуш доккха экха хилла. Цул тIаьхьа ижонна ша арадолуш хилла иза. Ижу ца карош меца дисчи цициг даа дог хилла лоьман. Ша схьалаца лом чухьаьдчи, цуьнан дагахь дерг а хиъна цициг дитта боьххье хьаладаьлла.

Лом дитта буха охьа а дижна лахара хьала дистхилла:

- Со дузош кхиийна сан нана хьайн массо а амалаш Iамийра ахьа суна. Хьуо санна дитта тIе хьаладала хIунда ца Iамийра ахьа со?

Цициго жоп делла:

- ХIара тайпа кхераме киртиг тIехIоьттича хьох кIелхьара дала и амал сайнна йитира аса.

XS
SM
MD
LG