ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан совгIат Алексиевич Светланина


Литературехь Нобелан совгIат кхайкхийна еарийдийнахь Стокголмо белорусийн яздархочунна Алексиевич Светланина. «Тахана ловчу баланех а, доьналлах а йолчу дуккха а аьзнех вовшахкхеттачу кхоллараллина» ло ша совгIат, билгалдаьккхина Швецерчу академино.

67 шо ду Алексиевич Светланин. Оьрсийн маттахь яздо цо. Дуьненан ШолгIачу тIамах а, Чернобылерчу бохамах а яздина ду, масала, цуьнан жайнеш «Зудчун сибат ца хуьлу тIеман», «Чернобылан доIа». Кху кIиран юьххьехь 2015-чу шеран нобелан лауреаташ къастийра медицинехь, йизикехь, химехь.

Ламастца а догIуш Алфред Нобел веллачу денца нисдой СтокхIолмехь ГIуран-беттан 10-чохь дIало совгIат. Цуьнан барам бу кхушара миллион доллар гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG