ТIекхочийла долу линкаш

Малайзин кема дохийнарг Оьрсийчохь йина ракета


Беллингкет цIе йолчу интернет-информаци толлучу Британерчу юкъаралло ша бинчу талламан жамIаш Iора а дохуш, дIахьедина стохка аьхка Донбассна тIехула, 298 некъахо а вуьйш чудожийначу Малайзин кеманна тоьхнарг Оьрсийчохь йина «Бук» ракета яра, аьлла.

Оцу герзо Оьрсийчуьрчу Курскера Украинерчу Торез гIала, ша кхуссучу дийне кхаччалц, бина некъ интернетехь гайталуш а, бевзаш а бу, боху Bellingcat-о. Оццу МН17 «Букца» шолгIачу дийнахь кхин а кхо ракета а кхоьссина, чIагIдо Iедалх йоцчу юкъаралло.

Хиллачу бохамца доьзна Оьрсийчоьнан тIеман министралло дина 4 дIахьедар бакъдолчуьнца ца догIу, харц ду цо Украинан эскаршка шайгарчу «Бук» герзаца ракета тоьхна хила тарло, бохург, боху ХIолландин низакмхошца бертахь зераш дечу Bellingcat-о. Кху деношкахь официалехь Iорадаккха дезаш ду талламан жамI.

XS
SM
MD
LG