ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIемалой байина


Кхо тIемало Старопросыслехь операци дIахьош, воьалгIаниг талламбечу эскархошна дуьхьал герз кхуьйсуш вийна Соьлж-ГIалахь еарийн сарахьо. 3 полисхочунна чевнаш йина, шиъ царех халчу хьолехь ву.

И хаам баржийна Нохчийчоьнан полицино. Маяковскийн урамехь ши цIа хилла гоне лаьцна. Чуьра арабовла аьлча, герзаца дуьхьало йина тIемалоша, - дIахьедина низамхоша. Хьалхарчу кхааннан цIе йовзийтаза яра хIара хаам Маршо Радионе кхаьчначу муьрехь.

Некъаца сацон гIоьртича, машен ца сацийна аьлла герзаш диттина полицино вийнарг ву Чергизов Шемал. Иза Шемахь ДАIИШ-ан могIаршкахь тIом бина цIавеана ву, чIагIдо мехкан администратора Кадыровс шен инстаграмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG