ТIекхочийла долу линкаш

Лукашенко Александрна тоьхна санкцеш совцон дагахь ю Европа


Беларусан президентна Лукашенкона ша тоьхна латтаен санкцеш беа баттана совцош, юкъахъяха дагахь ю Европа. ЕвроБертан дипломатийн хьостанера бу Рейтерсо баржийна и хаам. Беларусехь кIирандийнахь президентан харжамаш маьршша хилла, чекхбовлахь хир болучух тера ду и хийцам.

Санкцех Лукашенко Александр паргIатваккхар дузу цо дукха хан йоццуш шена дуьхьаллаьттина оппозиционераш таIзарна къелхьара омрица мукъабахарца а, Беларус Донбассера тIом сацош, машар буьйцуш юкъарлонехь латтарца а, Лукашенко дукха хан йоццуш шайн латта тIехь оьрсашка тIеман база йиллийта дуьхьалваларца а.

ХIнццалц Лукашенко а, цуьнан го а бакъо йоцуш бара Европе баха-бахка, цигахь шайн ахча кхаба, йохк-эцар лелон. Верриг а оцу санкцийн тептарахь верг ву Белорусера 201 стаг. Фирманаш – 18. Европана хетарехь, демократехьа некъ бан йолаелла Белариси кху тIаьххьарчу заманахь.

XS
SM
MD
LG