ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь байинчийн цIерш яьхна


Еарийдийнахь Соьлж-ГIалахь шаьш вийначу веа мехкан вахархочун цIерш яьхна Нохчийчуьрчу Iедалан ницкъаша –Башанаев Зеламха, Мазаев Мохьмад, Чергизов Шемал. 26-35 шераш долуш бу байинарш.

Уьш «Исламан Пачхьалкхо» кечбина а, Путин Владимир винчу дийнахь даккхий лелхийтарш дан арабевлла а бара, Iедал сема хиларна хIаллак а бина, дIахьедина мехкан администратора Кадыров Рамзана. Бакъдерг хаа аьтто луш хьостанаш ца евлла цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG